«Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша д1ахьош мониторингаш ю районан школашкара лахарчу классашкара берашна бовхачу кхачанца кхачоярна т1ехь терго еш.
Х1окху деношкахь меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулим хилира Нажин-Юьртара №3 йолчу юккъера юкъарадешаран школехь. Талламашкахь билгалделира лакхахь ц1еяьккхинчу школехь лахарчу классан дешархошна шен-шен хенашкахь бовха кхача латтош хилар. Иштта кхача кечбечу, буучу г1ирсан а, чоьнийн а санитарни хьал лехамашца хила дезачу кепара д1ах1оттийна хилар. Н.Даудов
