Кусаев 1адиз-Нохчийн поэт, яздархо, журналист. СССР-н, Россин яздархойн, журналистийн Союзан декъашхо, Нохч-Г1алг1айн культуран хьакъволу белхало шен дахаран 84-чу шарахь бакъдуьненчу вирзина, д1аваха вайна юкъара.(Дала гечдойла цунна).
Кусаев 1адиз дуьненчу ваьллера 1938-чу шарахь Нажин-Юьртан районан Шоьнахь. 1957-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн Республика меттах1оттийначул т1аьхьа юхаденъеллачу къоман интеллигенцин хьалхарчу мог1арашкахь вара 1адиз а. 1964-69-чу шерашкахь цо дийшира Ростовера пачхьалкхан университетан филологин факультетан журналистикан отделенехь. Цигахь заочно доьшуш а волуш, 1966-70-чу шерашкахь. Нохч-Г1алг1айн АССРН телевиденин, радиовещанин Пачхьалкхан Комитетехь коьртачу редакторан болх бира 1адиза. 1971- 72-чу шерашкахь. Республикан «Ленинан некъ» газетехь отделан заведующи лаьттира. 1972-97-чу шерашкахь., ша пенсе ваххалц телевиденехь тайп-тайпана даржашкахь болх беш вара иза.
Нохчийн литература, культура кхиорехьа хьанал къахьоьгуш схьавеъна стаг вара иза. Дукха хьалхе къоман кхоллараллин новкъа ваьллачарех вара Кусаев 1адиз. 1968-чу шарахь зорбане елира цуьнан «Амал» ц1е йолу байтийн гулар. Иза цуьнан кхоллараллин дуьххьарлера жайна дара. Цул т1аьхьа арайийлира цуьнан «Некъаш», «Цхьаалла», «Ламанан леча», «Б1аьстенан мохк», «Кхоллам» гуларш, иштта кхиболу литаратурни а, 1илманан а белхаш.
Пенсехь волуш а болх д1атесна ца 1авелира Кусаев. ЧГУ-н журналистикан кафедрехь коьрта хьехархо, Къоман музейн отделан заведующи,1илманан-серлонан генеральни директоран г1оьнча, иштта кхечу даржашкахь а белхаш бира т1аьххьалц.
Кусаев 1адизана махкана пайден а волуш шен белхан лаккхара говзанча хилар билгалдоккхуш цунна елла «Нохч-Г1алг1айн АССР-н культуран хьакъволу белхало», «Культурехь кхиамаш бахарна», «Грозный г1алин сийлахь гражданин» ц1ераш. Иштта т1аьхьенна, къомана шех ала хастаме дош а дуьтуш бакъдуьненчу вахана 1адиз. Дала гечдойла цунна!
