24-чу мартехь районан больницан туберкулёзан кабинетан лоьраша туберкулёз цамгарна дуьхьал къийсам латторан Дуьненаюкъара денна лерина акци д1аяьхьира районехь. Оцу балхана араяьхнера шайна чохь талламбарна лерина аппаратура йолу, иштта кхиболчу г1ирсашца кечйина йолу транспортан техника.
Тахана долчу хьелашца бахархошна хала дац шайн могашаллин хьал мА-дарра довза. 1едало бахархойн аьтту беш, оьшуш долу хьелаш кхоьллина церан могашалла 1алашъярна т1ехьажийна. Иза гуш ду дарбалелоран учрежденешкарчу хьелашка ладоьг1ча а. Ламанца йолчу вайн районна елла фюроографин г1ирсашца кечйина 3 автобус. Тахана бахархой, 1едалан учрежденийн белхалой д1асалела ца оьшуш туберкулёзан цамгарна талламба таро ю вайн лоьрийн.
Тахана дуьненчохь туберкулёз цамгар кхерамечарех цхьаъ ю. Цуьнца латтош къийсам а бу. Хьесапе эцначу цомгашчу нахаца д1ахьош болх а бу. Районан больницан барамехь царна г1одарал совнаха, шен могашаллех шеко йолу стаг республикан туббольнице хьажаво. Делан къинхетамца, лоьраша лелийначух дарба а хилла дахаре юхабирзина нах а бу районехь. Делахь а оцу цамгарх уггаре лардан дезарш кегийн бераш, къаной лору лоьраша.
