Субботник

      Комментарии к записи Субботник отключены

Жигара къахьийгира

Д1адаханчу к1иранах субботник д1аяьхьира районехь, райцентрехь, районан ярташкахь дуккха а белхаш бира гулъелла нехаш д1айохуш, урамнекъаш ц1андеш, тодеш.

Райцентрехь йолчу организацийн, учрежденийн, предприятийн куьйгалхоша, говзанчаша, белхалоша дакъалецира Кадыров Ахьмад-Хьаьжийн, Авторханов Супьянан, Таймин Биболатан ц1арахчу урамашкара некъаш нехаш д1айохуш хазъеш, куьце далорехь.  Яртийн администрацийн куьйгалхоша, говзанчаша, белхалоша, хьехархоша,   могашалла 1алашъяран, культуран белхалоша жигара г1уллакхаш дира белхан меттигаш, некъаш тодеш, совнаха гулъелла нехаш д1айохуш, некъан йистош куьце ялош.