Нохчийн Республикан Парламентан депутата Демильханов Мусас т1еийцира бахархой

      Комментарии к записи Нохчийн Республикан Парламентан депутата Демильханов Мусас т1еийцира бахархой отключены

«Единая Россия» партин меттигера отделенехь бахархой т1еийцира Нохчийн Республикан Парламентан депутата Демильханов Мусас, партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас. Бахархоша деллачу хаттаршна юкъахь коьрта меттиг д1алоцуш дара социальни декъехула долу г1уллакхаш. Иштта хьахаделира бахархойн долара даьхни дукха хьолахь, 1уьналла доцуш некъашца девлла лелаш, автотранспортан д1асалеларна новкъарлонаш еш меттигаш хиларх.

   Масала, Замай-Юьртара вахархочо Инеркаев Яхьъяс ша деллачу хаттарехь дагаяийтира д1аяханчу хенахь ярташкахь даьхни дажош, д1алохкуш бежнийн хьарманаш хилла хилар. Тахана уьш хиллачохь колл яьлла, хьармаш царах юкъелла д1атийсина. Дика хир дара меттигашкара 1едалан векалша бахархошца цхьаьна даьхнийн хьармаш меттах1иттош г1уллакхаш вовшахтоьхча.

   Демильханов Мусас тидаме ийцира бахархоша хьалхах1иттийна хаттарш. Оцу т1ехь шегара оьшу г1о-накъосталла дийриг хилар д1ахаийтира цо.