Машаран Денна лерина     

      Комментарии к записи Машаран Денна лерина      отключены

1999-чу шарахь республикехь терроризмана дуьхьал кхайкхина операцин раж (КТО) т1ераяьккхира 2009-чу шеран 16-чу апрелехь. Оцу сацаман т1аьхьалонан жам1аша таро елира Нохчийн Республикан 1едалан, экономикан, социальни дахаран институташ юхаметтах1итто а, республика сихачу боларшца массоаг1ор юхаденъеш кхиамаш баха а.  Х1етахь дуьйна 16-г1а апрель вайн республикехь машаран Де аьлла даздеш схьадог1уш ду.   

   Республикехь массанхьа а санна, оцу денна лерина мехала мероприятиш д1аяьхьира 16-чу апрелехь районерчу организацешкахь, учрежденешкахь, школашкахь, берийн бошмашкахь. Оцу мероприятешкахь т1екхуьучу т1аьхьенна довзийтира машаран Дийнан мехалалла, бовзийтира къоман исторехь республикехь цул т1аьхьа дикчу аг1ор хилла хийцамаш. Къаьсттина дика д1аяьхьира оцу денна лерина схьайиллина урокаш Нажин-Юьртара №4 йолчу, Бенара, Гедарганара, Булан-Хит1ара, 1аларара, Байтаркера, Зандакъара, Г1оьрдалара, Симсирара, Г1алит1ара, Керла Замай-Юьртара школашкахь.