Симсара
Симсара ша жима юрт елахь а, шех лаьцна дийца алссам исторически хилларш долуш, районан ширачу яртийх, шена чохь 2000 сов стаг вехаш, Яракхсу, жима Яракхсу хиш цхьаьнакхетачохь, нохчийн буххерчу тайпанан зандакъойн векалша йиллина юрт ю. Симсара шен дозанашца йозуш ю: къилбседехьа-Байтарке юьртаца, малхбузехьа-Даттахца, къилбседа-малхбалехьа-Чеччелхеца.
Юрт йиллина билггал йолу хан хууш яцахь а, археологаша бинчу талламашца билгалдаьлла иза Нохчмахкара ширчу яртийх хилар.Ткъа 9-10-чуй б1ешерашкахь малхбалера Нохчийчохь «Симсара» ц1е йолуш нохчийн пачхьалкх лаьттина хилар билгалдаьккхина цхьамог1а 1илманчаша. Иштта кхузахь карарчу хенахь а лаьтташ ду нохчийн сийлахь эвлияаш Ташу-Хьаьжа, Кунта-Хьаьжа, Г1еза-Хьаьжа (Дала къайле тойойла церан) шен 1индаг1ехь вовшахкхеташ хилла акхтарган кхоъ дитт. Юьртахоша дика доладеш, 1алашдеш ду уьш тахана а. Ткъа эвлияъ Г1еза-Хьаьжа холбатахь 1ийна меттиг а Симсарахь ю.
1877-чу шарахь паччахьан 1едална дуьхьал хиллачу г1аттаман куьйгалхо 26 шо долу Алдамов 1аьлбиг-Хьаьжа а Симсарара схьавалар долуш хилла. Ницкъаш цхьатерра цахиллехь а, еххачу хенахь къийсам латтийра г1аттаман декъашхоша 1едална дуьхьал. Оцу къисамехь доьналлех ца бухуш д1аделира 1альбаг-Хьаьжас, цуьнан накъосташа шайн дахар.
Сийлахь-боккха Даймехкан т1амехь жигара дакъалецира симсархойн бахархоша. Оцу жимчу юьртара фронте ваханчу 22 кегийчу нахах цхьа стаг бен дийна ц1а цавирзира юьртахойх.
Районан дукхаха йолу ярташ санна 1ер-дахаран хьал чолхе лаьттинчу яртийх ю Симсара а. Тахана 1ер-дахаран хьал дуккха а аттачу далийна юьртахь. Юьрта ялийна газ, дина керла доккха маьждиг, болх беш ю керла школа, хьуьжар, культуран Ц1а, юьртахь кхуьуш ю спорт, кечйина бахархошна, берашна садо1у объекташ. Тодина, дика доладеш латтош ду некъаш. Шайна иштта 1ер-дахаран хьал аттачу даккхарна юьртахоша даггара баркалла боху республикан Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.
Иштта, ша жима елахь а, шех лаьцна йийца чулацаме йоккха истори а йолуш юрт ю Симсара.
