«Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, райсоветан депутата Чанкаев Ислама Шовхал-Бердан школан юккъера юкъарадешаран школан директора, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденан кавалера Джабраилов Руслана дакъалоцуш оцу школехь йинчу берийн ловзаран майданан хьал толлуш мониторинг йира х1окху деношкахь. Таллам беш билгалделира 2021-чу шарахь йина майда школан куьйгалло доладеш, мокъачу хенахь берийн ловза таронаш йолуш кхачаме хилар. Джабраилов Руслана баркалла элира баьхкинчу хьешашна берийн ловзаран объектийн иштта лерина тергоярна.
