Депутата д1адаьхьира бахархой т1еэцар

      Комментарии к записи Депутата д1адаьхьира бахархой т1еэцар отключены

 Нохчийн Республикан Парламентан депутата Демильханов Мусас, «Единая Россия» партин меттигера отделенин штабехь д1адаьхьира районера бахархой т1еэцар. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, районан пенсионни фондан клиетски службан куьйгалхо Месиров Рустам.

 М. Демильхановс лерина ладуьйг1ира бахархоша цхьаьнакхетарехь хьалхах1иттийначу хеттаршка. Уьш хьакхалуш дара социальни, правовой, иштта кхидолчу хьелех. Масала, Сесанара вахархочо Анасов Ахьмада дийцира шена х1оттийна пенси, белхан шерашца дуьстича лахара х1оттийна хилар. Оцу дехарна кхачамболлуш жоп лург хилар д1ахаийтира клиентски службин куьйгалхочо.