Г1иллакх-оьздангаллин г1ала 1алаъян еза

      Комментарии к записи Г1иллакх-оьздангаллин г1ала 1алаъян еза отключены

Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин г1ала замано йохор яц, нагахь вайх х1ораммо а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха                                                                                                                     

М.Ахмадов

   Шена оьшург, пайде дерг х1ун ду а хууш, таханлерачу денна жоп дала йиш йолу говзалла, 1илма карадерзо дезаран ойла ян а хууш, къоман мехаллин, оьздангаллин ламасташ ларда кхетам а болуш т1аьхье кхиор- карарчу заманан юкъараллин уггаре коьрта, жоьпаллин 1алашо хилла д1ах1оьттина.

Т1екхуьу т1аьхье ишттачу кхетамца кхиоран 1алашо хьалхалаьцна схьайог1уш ю дуьненчуьра 1ер-дахарца, мелла а лаккхара т1ег1ане кхаьчна пачхьалкхаш а. Ткъа вайн кегийрхошна юкъахь уггаре лерина д1абахьа безаш некъ бу иза, т1екхуьуш долу ч1ор къоман доккхаха долу дакъа хилча муххале а. Цундела вайх х1оранна а т1едужуш жоьпалла ду т1екхуьу т1аьхье  кхузамананан оьшаллина т1екхиор.

   Вайна хууш, цахууш я гуш, цагуш гобаьккхина кегийрхошна марздала там болуш кхераме бахьанаш даьржина хьал ду дуьненчохь. Масала, наркомани, экстремизм, цкъа а вайн къомана юкъахь цахилла эвхьазлонаш и д1. кх. Царах вайн т1аьхье ларъярхьама къоман син-оьздангаллин мехаллаш йовзуьйтуш, къоман г1иллакхан, г1уллакхан кхетам алсамбоккхуш болх бар т1ехь ду вайна. Вайн къоман тоьлла къонахой, 1илма долу нах, яздархой, баккхийнах массо а хенахь хилла кегийнехан балакхочуш, царна сагатлуш. Хьалха царна хьехамаш маьждигашкахь, пхьоьханахь, доьзалехь беш хиллехь а, карарчу хенахь нохчийн кегийнах кхеташ-кхиоран институташна т1екхетта школа, культуран учрежденеш. Ткъа цхьаерш, иштта юкъара д1аевлла.

   Оьзда, г1иллакхе хьалакхиъначу стагана атта хуьлу вочух, зуламах ларвала а, иштта шена уллохь верг ларва а. Вайна хууш ду деган син-оьздангалла йоцучу я иза к1еззиг йолчу стеган кхетам лахара хуьлий. Исторехь хилла бакъдерш ду, нагахь къам т1амца цадохаделча церан г1иллакхашна, ламасташна, синоьздангаллина, амалшна зуламие т1е1аткъам беш. Ишттачу  некъаца х1аллакхилла, дайна халкъаш дукха ду исторехь. Ткъа х1инца кхин а боккха ницкъ бу вайн кегийрхошна т1етаь1на. Иза кхузаманан технически, хаамийн г1ирсаш бу. Масала, тайп-тайпана эвхьаза телеканалаш, блогерш, телефонаш, смартфонаш. Оцу тайпана передачийн сонталлех, аьхзаллех кхеташ воцург оцу зуламна кара атта воьду. Ткъа оьзда кхетош кхиийна к1ант, я йо1- уьш бешар бац ишттачу передачашка хьовса а, цаьргара зуламе масал схьаэца а.

   Юкъараллин дахарехь керла ч1ор кхетош кхиорехьа тоьлла дакъа д1алоцуш дерг Ислам дин ду. Ахмадов Мусас шен «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла» книги т1ехь яздо:

   Дуьненчохь мел долчу къаьмнийн г1иллакхех дика дерг, адаман сина а , дег1ана а пайде дерг чулоцуш, оьздангаллин уггаре а лекха лакхе Ислам ду, Делера лаьтта доьссина бакъ дин ша хиларе терра».

   Ислам динан дуьненан дахаран муьлххачу а хаттарна дала нийса жоп ду боху маь1на ду иза. Ткъа нохчийн г1иллакхаш Ислам динца дог1урш а, къомо магийнарш а лардан, цадог1урш д1атийса атта хир ду Ахмадов Мусан лакхахь вай ц1еяьккхина книгех пайдаэцча .Воккханиг, г1ийланиг, хьаша-да ларар, царна хьалхе ялар, г1о-накъосталлийца вовшашна орцахдовлар, могуш-парг1аталла хаттар, тезетан барам лерина лелор, иштта кхин а шадерриг диканиг довзуьйтуш язйина книга ю иза.         

    Школехь дешархойн дог-ойла книгашна, спортана, 1алам дезарна г1иллакх-оьздангаллина т1еерзо аг1онаш лоьхуш къахьегаро дикчу жам1ашка кхачор ду вай. Син-оьздангалло, деган ц1еналло яхъеш ю стеган оьмар олу баккхийчу лоьраша, 1илманан наха. И иштта хиларан тоьшаллаш дукха ду вайн ярташкахь, к1ошташкахь. Стаг, адам, къам хаздеш, сий ойуш ламасташ ду вайн дайша иллешкахь, эшаршкахь, назманашкахь хестийна вайна дитина: Делах тешар, тешам, г1иллакх, дог-ц1еналла, оьздангалла, яхь, эхь и.д1. кх. Дуьненчохь,эхартахь стаг дикане кхачош долу ламасташ ду уьш. Вайн республикан Куьйгалхо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана ша нахаца, имамашца, хьехархошца д1ахьочу цхьаьнакхетаршкахь лерина тидам т1ебохуьйтуш тема ю кегийрхой г1иллакх-оьздангаллин гурашкахь кхетош-кхиор.

   Цхьана аг1ор ойла йича жима бер когадахар санна х1ума ду кегийнаш син-оьздангаллин новкъа бахар. Берана ца хаьа ша муха кхуьу. Иштта вайна а ца хаьа вай дог-ойла муха кхуьу. Вайн хаьа бер ког тасалой охьадетталуш, доьлхуш, берийн цамгарш эшош хала хьалакхуьий. Иштта кегийчу нахана а ца девза синоьздангаллин  дозанаш вайгара д1а цаэцча. Баккхийчара шайн дахарехь зийна диканиг а, вониг а. Вайгара зеделларг ду вай цаьрга д1адала дезарг. Ахчанах, бахамах, 1илма 1аморах пайда бац, нагахь стаг синоьздангаллин дозанийн ларамбеш вацахь, иза юкъараллина кхерамие лоруш ву муьлххачу къомо а. «Г1иллакх, оьздангалла Ялсаманера схьадеъна а ду, ялсамане духадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна»,- олуш ду.. Иштта, адамашна юкъахь лела оьзда, сийлахь г1иллакхаш Делера диссина хилар хууш оьзда т1аьхье кхуьийла вайн.       Дала вониг дита а, диканиг схьаэца а хьекъал, кхетам лойла вайн т1аьхьенна. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!