1-ра июнь бераш 1алашдаран Дуьненаюкъара Де

      Комментарии к записи 1-ра июнь бераш 1алашдаран Дуьненаюкъара Де отключены

  Х1ора шарахь 1-чу июнехь билгадоккху бераш 1алашдаран Дуьненаюкъара Де. Оцу дийнахь вай жам1аш до д1аяханчу хенахь берийн дуьхьа динчу г1уллакхийн, билгалдоху церан социальни г1олацаран некъаш.

   Районехь г1уллакхдеш йолчу берийн бошмашкахь кхобуш долу бераш шина шарера ялх шаре кхаччалц хенаш йолу бераш ду. Т1ехь ц1ена, хазачу куьцехь духаршца кечдина, деладелла, декхаделла, ирсе яххьаш йолуш го царех х1ора а.

   Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана д1ахьочу беркатечу машаре некъан т1аьхье ю Нохчийчохь болх беш цхьамог1а реабилитационни центраш, берийн бошмаш хилар. Вайн район схьалаьцча, керла типови берийн бошмаш йина Сесанахь, Энганахь, Гендарганахь, Мескитахь, 1аларахь, Гуьрж-Махкахь, Т1урт1и-К1отарахь, Шовхал-Бердахь, Г1алийт1ахь, Айти-Махкахь, Зандакъахь. 100 меттигана лерина Нажин-Юьртахь йиллина берийн реабилитационни центр.

   Бераш- вайн хиндерг ду. Тахана вай тидам т1ебахийтаре хьаьжжина хир ду церан массоаг1ор кхиар, юкъараллина уьш пайде хилар. Цуьнан ойла яр-вайн коьрта декхар ду.