Россин Президентан В.В. Путинан сацамца 24-чу февралехь Украинехь д1айолийна денацификацина, демилитаризацина лерина т1еман ницкъан операци. Украинехь оцу кепара операци д1аяхьаран бахьанаш кхолладелла дикка хан яра. Ткъа схьагуш долу коьрта бахьана ду, цхьайолу Европера пахьалкхаш США-ца берта а яхана вайн лулара вежараллин Украинан пахьалкхан, Россин барт эг1о кхоьллинчу хьолана Украина т1етовжар. Иштта, малхбузера пачхьалкхийн, къаьсттина США-н политикана Украинан коьртера нах т1етовжар бахьана долуш 2014-чу шарахь дуьйна Донецки, Лугански республикашкахь т1амца даккхийн зенаш деш схьайог1уш яра вайн лулара Украина.
Цигахь Россин кхечу регионашкара санна, жигара дакъалоцуш бу Нохчийн Республикера б1аьхой а. Хаамашкахь кест-кеста хьахайо Россин Турпалхочо куьйгалла ден республикан МВД-н Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу лерина полк. Дуккха а меттигаш ю вайн б1аьхоша шайгара доьналла, майралла гойтуш, шайна т1едехкина декхарш кхочушдеш, дика ц1е йоккхуьйтуш юьхьк1амца схьабог1уш хилар.
Иштта хастаме дешнаш олу «Ахмат» ц1арах йолчу интернациональни лоруш йолчу спецназан полках лаьцна. Нохчийн б1аьхошца цхьаьна операцехь дакъалоцуш бу эрмалой, казахаш, гуьржий, украинцаш. Нохчийн Республикан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан нуьцкъаллин блокехула волу г1оьнчас, «Ахмат» полкан командира полицин генерал-майора Алаудинов Аптис билгалдаккхарехь, вайн б1аьхоша дакъалаьцна дуккха яккхийра а, кегийра а г1аланаш, ярташ маьршайохуш. Маьршаяьхначу г1аланашна, ярташна юкъахь ю Рубежное, Северодонецк, Кременная г1аланаш, иштта 1аламат дукха ярташ. Иштта, Нохчийн Республикехь вовшахтоьхначу б1аьхоша Миноборонан а, Лугански, Донецки къоман милицин корпусийн б1аьхошца цхьана кхочушдеш ду шайна Россин Президента т1едехкина декхарш. Иштта билгалдаьккхира Аптис:
-Т1еман хьал д1ора хала а ца хетара тхуна. Уггаре халаниг ду мостаг1ий шайна хьалха маьрша, машаре нах а бохий дуьхьал бахкар. Украинан т1емалоша йиллина д1ахьош ю и «т1еман» тактика. Ткъа тхо даима а маьршаниг т1емалочух къестош болх бан безаш хуьлу. Иформацин г1ирсаша х1уъа дийцахь а, тхуна дика гуш ду кхузара хьал. Украинан т1емалоша цхьа а харжам боцуш д1асакхуьйсучу герзаша денна х1аллакбо 1аламат дукха маьрша бахархой. Тхан йиш яц иштта стешха т1ом д1абахьа. Цундела оха цхьа хьалха билгалйоху тхайна маьрша нах 1аш болу меттигаш, подвалаш, цара минанаш йоьхкина меттигаш. Т1аккха кхерамбоццучу уьш д1аса а кхалхабой д1айолайо оха йуьззина операци. Амма вовшашна т1е топ кхочучу бараме тхо девлча, церан т1еман позицеш тхан карахь хуьлу.
Вайна махаъара, тайп-тайпана хаамийн г1ирсаша харц хаамаш дукха баржабо. Вайна массарна хууш, девзаш ду НАТО бартана юкъайог1уш йолу пачхьалкхаша дуьненчохь т1амца къаьмнашна т1ехь дина зенаш. Шайн кархдаьлча тоххара вайна т1елетта хир яра иза. Церан политика ю Украинан политикаша д1акхоьхьург а.
Тахана вайн т1емалой оцу малхбузехьара схьадоладеллачу зуламна дуьхьал лаьтташ ницкъ бу. Вайн т1емалой шайн доьналлица билгалбевлла а бу оцу зуламна дуьхьало ярца. Иштта Мариуполь г1ала парг1атйоккхуш д1абаьхьначу т1емашкахь доьналла, майралла гайтарна Россин Турпалхо ц1е тиллина Пачхьалкхан Думин депутатана, Кадыров Рамзанан г1оьнчина Делимханов Адамна. Иштта, Россин кхечу къаьмнийн б1аьхошца цхьана оцу зуламна дуьхьал а бевлла, шайна т1едиллина даккхийн декхарш кхочушдеш болчу к1ентийн вай сийдан деза. Дала аьтту бойла церан. Х1окху деношкахь Россин Госдумин депутата Демилханов Адама куьйгалла а деш дуккха бераш, зударий, баккхийнах, за1апхой т1амна к1елхьара кхерамазаллин меттиге кхалхийра Нохчийчуьра т1емалоша. Т1амо г1елбинчу бахархоша баркалла элира вайн т1емалошна шаьш кхерамечу меттигера маьршадахарна.Т1еман лерина операции д1айолаелчахьана дуьйна т1амна к1елхьара кхерамазаллин меттигашка баьхначарна а, парг1атяьхначу ярташкара, г1аланашкара бахархошна а, къаьсттина берашна, т1еюху йовхачу бедаршца, кхачанца, дарбанашца г1одеш схьайог1у Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу Региональни юкъараллин фонд. Фондо х1инцале д1адекъна 180сов тонн кхачанан а, дарбанийн сурсаташ.
