-Оьздачу стагаца дов хилар г1оле ю, осалчу стагаца гергалло хуьлучул.
-Оьзда воцу стаг хьошалг1а веъча, дика кхаба. Оьздачунна чохь ерг елча а тоьар ду.
-Оьздачу стага шен ц1ахь а, хьошалг1ахь волуш сана йоу х1ума.
Нохчаллин дахарехь а, г1иллакхашна юкъахь а уггаре маь1не, сийлахь, лараме дош лоруш ду оьздангалла. Вайн 1илманчаша, дешначу наха дукха лакхара хадийна оьздангаллин мах. Кхузахь вайн дало таро ю нохчийн г1иллакх-оьздангаллин чулацам дика бевзаш волчу яздархочо Мусаев Ахьмада шен «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла» аьлла долчу жайни т1ехь цуьнах лаьцна яздинарг: «Оьздангалла уггаре хьалха Далла ечу 1амалца, т1аккха гонахьарчу 1аламца, шен дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар ду. Оьздангалла духхьалд1а х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш ю. Адамо б1ешерашкахь кхоьллина шен оьзда г1иллакхаш. Дуьненан къаьмнийн ерриге а оьздангалла, церан дика г1иллакхаш Дала шен пайхамаршкахула лаьтта диссийна ду, шен динца цхьаьна. Ткъа и дин цхьаъ бен дац-бусалба дин, ислам».
Цундела ду олу вай г1иллакх ялсаманера дуьненчу деана а ду, ялсамане духа дерза дезаш а ду, г1иллакх-динан ах ду. Ша дериге къоман диканиг, товш дерг, къомо къобалдина т1еэцнарг оьздангаллин дакъош ду. Иштта г1иллакх а лерина вайн дайша оьздангаллин коьртчех цхьа дакъа. Г1иллакх адамийн юкъаметтигийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. И къастам бу цаьршиннан юкъахь. Амма оьзда воцучу стагехь г1иллакх хир дац, иштта г1иллакх доцу стаг оьзда а хилалур вац. Цундела ду и ши ламаст вовшашца дозаделла лелаш. Т1аккха адамашкара дика г1иллакхаш Делера, Делан динера схьадевлла хилча, вониг, оьзда доцург, 1есаниг, сийсазниг, къизаниг адамаша шаьш кхоьллина ду. Цундела къилахь лоруш а ду уьш. Цундела го адамашна г1иллакх-оьздангаллехь 1аламат доккха маь1на. Цундела хестадо вайн къомо г1иллакх-оьздангалла шен иллешкахь, назманашкахь, эшаршкахь, кицанашкахь, говзааларшкахь. Вайн къам Россин кхечу дуккха а къаьмнашца цхьаьна 1ар-дахар долуш ду. Ткъа СССР йоьхначул т1аьхьа Евразин, Уллорчу Малхбалин, Американ пачхьалкхашкахь бехаш нах бу вайн къомах. Хаттар х1утту иштта: «Кхетар буй-те уьш вайн г1иллакх-оьздангаллех?», оле. Кхетар бу. Х1унда аьлча, вайн г1иллакхаш х1ора къомана юкъахь а лелийча товр долуш долу дела. Шен чохь, арахь, нахаюкъахь адамашца цхьатерра оьзда д1авахалуш волчу стеган, къоман сий а хуьлу, ц1е а хуьлу. Цундела стаг ша миччахьа хилчи а оьздаггаллин дозанаш лардеш велахь, цо ларйо шен ц1е а, шен къоман ц1е а. Х1ора стагана т1ехь ду ша милла велахь а, мухха велахь а оьздангаллин бехкамаш ларбеш вахар. Иштта т1ехь ду вайна т1екхуьуш йоллчу т1аьхьенна а и бехкамаш бовзийтар.
