Дагаев Валид-г1араваьлла нохчийн иллиалархо, музыкант, композитор, Нохч-Г1алг1айн халкъан артист, РСФСР-н хьакъволу, артист, А-Хь. Кадыровн орденлелорхо вина 1940-чу шеран 30-чу июнехь Керла Алдахь. Валид шатайпа аз долуш, махко къобалвина, нахана везаш илланча вара. Дукха жима волуш дуьйна лайна халонаш бахьанехь могашалла телхича б1аьрса галдаьлла хьалакхиъна вара Валид. Амма б1аьрзе висаро новкъарло ца йира цунна махкахь а, махкана арахьа а г1араваьлла илланча хила.
Дагаев Валид дукха хьалхе волавелира илли ала. Д1абоьдуш мецачу шерийн мур болуш, ц1ент1ехь цхьацца г1уллакхаш дечу хенахь а цхьа шатайпа иллин мукъам балош каравора иза нена-нанна, дейишина а. Цуьнан пох1маллех кхеттачу дейишас балалайка ийцира цунна винчу денна совг1атана. Цул т1аьхьа шен ерриге мокъа хан цуьнца д1ахьора хинволчу илланчас, иштта цхьа а ловзар, я синкъерам д1ацаг1ора Валид а воцуш.
Нохчий ц1абирзинчул т1аьхьа, шен 17 (1957г.) шо кхаьчначу хенахь дуьйна, кхоллараллин некъа т1ера д1а цаволуш Далла дуьхьал вахара Дагаев. Оцу шарахь иза д1аийцира Нохч-Г1алг1айн ансамбле а. Цигахь 11шарахь болх бира цо. 1968-чу шарахь дуьйна республикан филармонин иллиалархо вара Валид. Цо д1аолуш долу дукхах долу иллеш Мамакаев Мохьмад, Сулаев Мохьмад, Сулейманов Ахьмад, Арсанукаев Шайхи авторш болуш хуьлура. Ткъе итт шере а валале Нохч-Г1алг1айн халкъан артистан ц1е тиллира цунна.
2000-2004 шерашкахь д1аяьхьначу Кавказан къаьмнийн массо а фестивалашкахь дакъалоцуш вара г1араваьлла иллиалархо. Цуьнан «Зама», «Тийна ду юьртахь», «Батто сагатдо», «Шовда», «Нохчо ву со», «Ленинградехь кхиъна йо1», иштта кхиерш халкъана къаьсттина дукхадеза иллеш хилла дисина.
Иштта, 50 шарахь сов кхоллараллин некъахь а волуш, хазачу мукъаман иллешца нехан самукъадоккхуш, къоман диканехь а, вонехь а волуш чекхвелира нохчийн оьздачу доьзалан, оьзда к1ант Дагаев Валид. Ша винчу Алдахь 2016-чу шеран 22-чу сентябрехь шен 76 шо кхочуш Далла дуьхьал вахара, даима а къомана дагахь лаьттар волу халкъан илланча.
Дала декъалвойла иза!
