«Нохчийн Республикехь туризман хьелаш толуш ду де-дийне мел дели. Денна кхуьуш совдуьйлуш ду туристийн некъаш, кхуьуш ю инфраструктура, д1айоьллуш ю керл-керла объекташ. Тахана вайн регионан исбаьхьчу 1аламах дезарэца лууш, кхуза бахка кийча эзарнашкахь туристаш бу Россера, иштта кхечу пачхьалкхашкара. Ткъа вайн царна гайта меттигаш к1еззиг яц республикехь.»
Р. Кадыров.
Цкъа гинчунна дицлур доцуш хаза 1алам долуш мохк бу нохчийн лаьмнийн мохк. Иштта хаза, исбаьхьа 1алам долчу лаьмнийн районех цхьаъ ю республикехь Нажин-Юьртан район а. Баьццарчу басе дирзина 1алам, тайп-тайпанара диттийн юькъа хьаннаш, лаьмнаш, даккъаш, дежийлаш, ц1ена, сирла, шийла шовданаш, бухдуьйлу дарбане хинхьостанаш, охьадог1у чехка хиш… И ерриге исбаьхьалла ган лууш верг вайн лаьмнашка кхача веза.
Т1аьххьарчу хенахь районехь туризм кхиаран хьал тодала доьлла, иштта толуш, кхуьуш схьадог1уш ду транспотни, некъийн инфраструктуран хьал а. Ламанца хийцаделла некъийн хьелаш, районехь х1ора туристически объектана т1ебоьдуш асфальтан некъ бу. Къоман хат1 доккхуш хаза кечйина хьешийн х1усамаш ю. Иштта хилаезачу кепара сада1а тойина меттигаш ю. Шеко яц, еха хан ялале вайн лаьмнаш уггаре а тоделла туризман хьелаш а долуш исбаьхьа мохк хирг хиларан. Республикан туризмехула йолчу Министерствос меттиган туризман хьелашна лерина талламан жам1аш дуьззина девзина даьлча кхид1а а шорлур долуш ду районан туристски-экскурсионни некъаш (маршруташ). Карарчу хенахь а бог1у вайн лаьмнийн 1аламах, шираллин, хазаллин меттигех, чухчарийх пайдаэца, сада1а туристаш, мохкталлархой, иштта кхиболу хьеший. Туристаша тидам т1ебохуьйтуш 1аламан исбаьхьалла йолуш меттигаш ю 1аьмар-Корта, 1албур-лам, Ашнет1е. туристашналерина кечйина меттигаш ю турбаза «Ахки-Т1ай», мини-отель «Шира Бена», г1ашлойн туристийн сада1аран база «Бугин Пха». Оцу метигашкахь хьешашна де-буьйса даккха а, кхачо йоллуш сада1арна а дика хьелаш ду кхоьллина.
