Таллам д1абаьхьира могашаллин учрежденишкахь

      Комментарии к записи Таллам д1абаьхьира могашаллин учрежденишкахь отключены

   «Могашалла» къоман проект, «Могаш-таза хиндерг» федеральни партийни проект кхочушъеш, «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша моиторинг д1аяьхьира Г1алит1ара, Мескитара лоьрийн амбулаторешкахь санитарни-ц1еналлин бакъенаш кхочушъеш, цомгашчу нехан хьашташка хьожуш болх д1абахьар толлуш.

   Мониторингехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикан Парламентан депутат Демильханов Муса, партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулима, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта, Г1алит1ара лоьрийн амбулаторин заведующи Истамулова Асет, терапевт Насуханов Джалади, Мескитара лоьрийн амбулаторин заведующи Далхаев 1аьрби, терапевт Абдурахманов Рамзан.

   Амбулаторешкара хьал санитарни хьелашна жоп луш хилар, шаьш т1елаьцна г1уллакх лоьраша доггаха д1акхоьхьуш, цомгашчу нехан хьашташка жоьпаллица хьовсуш схьабог1уш хилар билгалделира талламхошна.

   -Юьртахь лор хилар доккха г1уллакх ду,-билгалдаьккхира Демильханов Мусас. –Х1унда аьлча, вай мел могуш-таза хан йоккхуш делахь а, цхьажимма дег1ана цатам хилча, уггаре хьалха сатосу лоьрашка. Дагадовлар нисделча, дарбанал г1оле еш хуьлу аша олу хаза дош а. Бахархошна оьшу иштта догц1ена, говза лоьраш.