Воккхастаг вог1уш гахь,
Некъ бита цунна,
И хьакъ ву хьол хьалхавала.
Кхуьур ву мацца хьо
Т1екхиа цунна,
Т1аккха цо ша эр ду
-Къонах, чекхвала!
Тхуна а дагахь, оьмарна б1е шарал лакхара хенаш йолуш, могуш-таза а болуш, шайн юьртахь , к1оштахь дика-вон луьстучохь, масла1атдечохь юкъ йихкина д1ах1ийтта карх а долуш, наха «Дика нах» а олуш беркате нах хуьлура ярташкахь. Царах вара Замай-Юьртара Уцин Хьаса а (Дала декъал войла иза). Шайн хенаш шо1аран хенаца ца лелайора цара. Мадарра аьлча шо1арца хьесап дан ца хаьара царна. Махкахь хиллачу исторически я 1аламан хиламашца дустуш билгалйохура цара шайн хенаш. Масала, «Бода беанчу шарахь 10 шо хилла сан», «Хьаьжк1а йоттург хуьлучу хенахь дуьнент1е ваьлла со», и д1.кх.—билгалйоккхура воккхачу стага шен хан. Иштта, Хьасас а олура «1аьлбаг- Хьаьжа имам ваьллачу шарахь 12 шо долуш вара со».
Шен дикалле, юкъараллина пайде хиларе хьаьжжина, Дала ехха оьмар елла стаг вара иза. Иштта, 1981-чу шарахь шен 115 шо кхочуш, Далла дуьхьал вахара Хьаса. Ша валлалц иэсехь а волуш, шена гинарш, хезнарш дага а дог1уш, иэсан само меттахь а йолуш вехира воккха стаг. Нохчмахкахь хьалха хилла исторически хиламех лаьцна цуьнга ладог1а, цуьнах дагабовла бог1ура яздархой Айдамиров Абузар, Шайхиев 1алвади.
Нохчий туркойн махка, Уллора Малхбалерачу пачхьалкхашка кхелха хенаш, Россин а, Японин а пачхьалкхашна юкъахь т1ом лаьттина, 1альбаг-Хьаьжа имам ваьлла, иштта кхиболу исторически хиламаш дика дагабог1ура цунна. 1аьрба дешар дешна хиларе терра динан, дуьненан хьехамаш бан хууш, жимачунна, воккхачунна шен хене хьаьжжина хьехар дала, кхетам бала хууш вара Хьаса. Нохчийчохь доцург, Дагестанера нохчийн ярташкара, къаьсттина 1осман-Юьртара, Симсарара нахаца уьйр-гергарло дара Хьасин. Цунах дагабовла, ширачух лаьцна цхьацца хеттарш дан, дагабовла,цуьнгара хьал-де довзархьама дукха хьеший-нах т1елисталуш комаьрша х1усам яра цуьнан керт-ков. Иштта дуккха нахана вевзаш, везаш воккхастаг вара Уцин Хьаса. Сих-сиха, къаьсттина суьйренца, цуьнан са цагатдалийта, догэца воккхачу стеган х1усаме гуллора юьртара баккхийнах. Уьш шел кегийн белахь а цаьрца самукъадолура цуьнан. Къаьсттина самукъадолура цуьнан 1умаран Пашех, ханна шел воккхачу Г1ебартан Айбартох, Инуркъин Сайдселимах, Юсупах, Ног1ин Бакарх, 1аларойн Абаст-Хьаьжин Мог1арби-Хьаьжех.
Воккхастаг мехкан беркат ду олуш ду халкъалахь. Цуьнан тоьшалла ду, баккхийнах алсам болчу юкъараллашкахь дагзаллаш, девнаш, юкъараллин низам, г1иллакх-оздангалла талхош берш къаьсттина к1еззиг хуьлуш хилар. Цундела ала дог1у: «Воккхастаг-юкъараллин беркат, низам, дахаран къилба, къоман хазна ю». Уьш вай бицбан ца беза. Церан сийдар, ларамбар, уьш ларбар, цаьргара масал эцар, дагахь латтор-вайн декхар ду. Дала алссам латтабойла вайна иштта беркате къаной, баккхийнах.
Суьрта т1ехь: аьрру аг1ор –Уцаев Хьаса
