Ялта-2022

      Комментарии к записи Ялта-2022 отключены

Аренашлелорхойн сиха мур

 Кхиийна ялта чудерзор дараш цахуьлуьйтуш, йоццачу хенахь чекхдаккхар жоьпаллин декхар хуьлий д1ах1утту аьхкенан муьрехь юьртабахаман къахьегархойн.

   Шеко йоцуш ду, оцу мехалчу кампанина хьалххе кечам бинехь, ялта чудерзор цхьа а тайпа новкъарлонаш, сецарш доцуш чекхдаккха таро хуьлуш хилар. Цундела иза тидаме оьцуш вовшахтуху ялталелорхоша болх.

   Карарчу хенахь бахамашкахь сихачу боларшца д1ахьош ду керлачу шеран ялта чудерзор. «Сидык», «Беркат» юьртабахаман, «Вайнах» ц1е йолчу госхозан къахьегархоша йоццачу хенахь чекхдаьккхина мукх чуберзор. «Сидык» бахаман предприятехь д1айийначу 50 гектара майданара чуэцна 147 тонна мукх (х1ора гектара т1ера 29, 4 центнер). «Беркат» ц1е йолчу юьртабахамехь 120 гектара т1ера чуэцна 365 тонна ялта (гектара т1ера 30,4 центнер). «Вайнах» бахамехь 62 гектара т1ера чуэцна 170 тонна мукх (гектара т1ера 27, 4 центнер).

   «Сидык», «Беркат» юьртабахаман предприятешкахь 330 гектар майданахь д1адийна гуьйренан к1а. Карарчу хенахь д1ахьош ду иза чудерзор. Гектаран хьесап дича 31,0;32,7 центнераш ялта чуоьцуш ду кхузахь х1ора гектара т1ера.

   Хьаьтта деана ялта ц1андеш, складашка д1адуьллуш каде къахьоьгуш бу бахамашкара белхалой.