Юхадендаларе бина некъ
Карарчу шарахь Нохчийн Республика кечамбеш ю шен пачхьалкхан д1ах1оттаман 100 шо кхачаран денна. Нохчийн Республикан куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана юбилейн денна лерина ша д1аяьхьначу совещанехь билгалдехира оцу денна лерина д1ахьочу мероприятешкахь къаьсттина тидаме эца дезарш. Оцунна кечамбар мелла а юкъараллина пайде хуьлучу кепара д1адахьар х1ораннан а коьрта 1алашо хила езарх кхетийра Кадыров Рамзана.
Х1Х-чу б1ешеран 60-чу шерашкахь 50 шарал сов бахбелла Кавказан т1ом д1абирзича, Нохчийчоь 1860-чу шарахь кхоьллинчу Терски областана юкъайог1уш яра. 1921-чу шарахь РСФСР-на юкъайог1учу Ламанан автономин республикан 7 къоман округех советаша дуьххьарлера къаьстина Нохчийн къоман округ кхоьллира. Ткъа Нохчийчохь дехачу къаьмнийн Ламанан Республиках къаьстина шайн республика кхолла лаам бара. Х1унда аьлча, Грозный г1ала Къилбседа Кавказехь нефтах г1уллакхдаран аг1ор коьрта промашленни центр яра. Цуьнах хуьлу пайда дукхах берг цаьрца бекъа безара.
Эльдарханов Таьштемар коьртехь а волуш, нохчийн делегацис Москвагара бакъо яьккхира РСФСР-н юкъахь а йолуш, шакъаьстина Нохчийн Автономни область кхолла. Иштта 10 эзар делегат а волуш 1922-чу шеран 30-чу ноябрехь Нохчийчохь д1аяьхьначу съездехь д1акхайкхира Нохчийн Автономин область. Нохчийн исторехь дуьххьарлера халкъан шен къаьстина автономи яра иза.
1934-чу шарахь цуьнах схьатуьйхира Г1алг1айн автономин область. Ткъа 1936-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн областах Нохч-Г1алг1айн Автономин Республика йира. Вайнах махкахбевлла лелла шераш ца лерича НГ1АССР лаьттира 1992-шо кхаччалц. Иштта бу Россина юкъахь а йолуш схьаеана нохчийн пачхьалкхан истори.
Вайна мА-хаъара, и де х1ора шарахь шуьйрачу даздаршца билгалдоккхуш д1ахьо вайн республикехь. 100 шо вайн историца дуьстича д1ора еха зама яцахь а вайн халкъан 1ер- дахарехь баккхийн хийцамаш хуьлуш схьадеана. 1922-чу шарахь дуьйна схьа, Нохчийчохь советан 1едал д1ах1оьттинчул т1аьхьа, Россехь массанхьа санна, чолхе д1абахара керлачу 1едалан д1ах1оттам. Г1аттамаш, коллективизацин шераш, репрессеш, и. д1. кх. 1944-шо къаьсттина бохаме деара нохчийн къомана. 40 эзар сов т1емало вара Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1еман фронтехь фашисташца т1ом беш жимачу Нохч-Галг1айчуьра. Нохчийчоьнан латта хьаьшна дацара цхьана немцойн салтичо оцу бехачу т1амехь. Х1етте а бехдина, йоцу ц1е а тиллина, махках даьккхира вайн халкъ. Шелоно, цамгарша, мацалло, халоно б1е эзарнашкахь х1аллакдира адам. Церан кешнаш цигахь а дуьтуш, 13-шо даьлча ц1абирзира нохчий. Юха а юхадендаларе некъ бан дийзира вайн.
Амма дукха ца лаьттира машаре зама. Чу садеана аьлла хеттачу хенахь юха а бохам беара Нохчийчу. Беркат доцучу нехан зуламе политика хьалха а яьлла, шиъ т1ом лан а дийзира нохчийн халкъан. Аллах1ан къинхетамца, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан, Дала гечдойла цунна) беркатца юхаденъелла, меттах1оьттина Нохчийчоь.
Тахана Россин кхечу къаьмнашца бертахь, Россин Федерацина юкъахь дика ц1е йоккхуш, де-дийне мел дели а толуш, хазлуш схьайог1уш ю Нохчийн Республика. Вай лакхахь йийцина халонаш т1ех1иттина цахила а тарлора вайна, нагахь халкъана хьалха ваьлла стаг шен халкъах дош а далалуш, халкъана т1ебосса там болу бала геннар ган де долуш хиллехьара олий а хетало. Ахьмад-Хьаьжина санна шен махках, халкъах дог лозуш, дош далалур долуш къоьнаха коьртехь цахилар бахьанехь дуккха а харцонаш лайна вайн халкъо. Иза дика схьагайтина вайна т1аьхьарчу б1ешеран исторехь хиллачу баккхийчу, кегийчу хиламаша. Дала т1аьхье беркате йойла вайн.
