Дуьненаюкъара доттаг1аллин Де даздеш схьадог1у х1ора шеран 30-чу июлехь. 2011-чу шеран 3-чу майхь ООН-н Генеральни Ассамблейн дешаран, 1илманан, культуран организацин (ЮНЕСКО) д1адолорца юкъадаьккхира, иштта ООН-н декъашхоша массара а резахилла т1еийцира цуьнан резолюци, х1ора шеран 30-г1а июль дуьненаюкъара доттаг1аллин деза де лоруш.
ООН-н организаци кхоллаелчахьана уггаре мехала а, маь1не а дуьненаюкъара деза Де хилла д1ах1оьттира дуьненаюкъара доттаг1аллин Де. Дуьненчохь мел долчу адамийн х1ораннан чохь деза де цхьана дийнахь хилар, иза дан а ду шатайпа самукъане де.
Оцу дийно дуьненан х1ора вахархочунна (яхархочунна) дагатаса декхар ду адамашна, халкъашна, къаьмнашна, зударшна, божаршна, берашна, муьлхха дин лелорах, дег1ан босс мухха хиларх лаьтта т1ехь дехаш долу адамаш цхьа доьзал хилар, иза дегнашкахь ч1аг1дар.
Дуьненчохь миччахьа баьллачу сингаттамана, къаьмнашна, пачхьалкхашна, вовшашна орцахдовлар т1едуьллуш лаккхара адамаллин д1адолор ду дуьненаюкъара доттаг1аллин и деза де. Иштта адамийн хьекъалан, пох1маллин санна доккха маь1на долуш лерина дуьненан юкъаралло барт а, доттаг1алла а.
