Жам1аш до
Районан бахамашкахь д1адирзина гуьйренан ялта, к1а, мукх чуберзор. Кху шарахь арара ялта хьалххе хилар бахьанехь иза чудерзоран белхаш дикка хьалхе д1а а болийна, йоццачу хенахь чекхбаха таро хилла аренашлелорхойн.
Ялта чудерзоран жам1ийн хьокъехь районан юьртабахаман секторан заведующис Межидов 1алаша дуьйцу:
-Юьртабахаман культурашна юкъахь коьрта меттиг д1алоцург кенан ялта хиларе терра стохка гурахь 330 гектара т1е к1а, 232 гектара т1е гуьйренан мукх, б1аьстенан юьххьехь 160 гектара т1е мукх, 200 гектара т1е сула д1адийра бахамашкахь. Ялта деран коьрта дакъа кхечира «Сидык», «Беркат» юьртабахаман предприятийшна, «Вайнах» ц1е йолчу госхозна.
Ялта д1адерах чекх цабевлира белхаш. Дуккха а къахьийгира царна обработка еш, зуламе садолчу х1уманех 1алашдарна т1ехьажийна. 30, 5 центнер бу гектара т1ера чуэцначу к1енан барам, 29,4 центнер мукх, 28 центнер гектара т1ера сула.
Районехула дерриге а хьаькхна чуэцна к1а-1074 тонна, мукх-1294 тонна, сула-560 тонна ду. Стохкалерачу жам1ашца дуьстича, дуккха а лакхара бу и гайтамаш.
Х1окху шарахь агротехнически тоьлашха йолчу хенашкахь хьалха шарахьчул мелла а алсам майданашка к1а, мукх, сула д1аден 1алашо х1оттийна оха юьртабахаман предприятийн куьйгалхошна хьалха.
