Вайн ламасташ маьттазадоху керлаюкъадалораша

      Комментарии к записи Вайн ламасташ маьттазадоху керлаюкъадалораша отключены

Вай дерриге историкаш дацахь а, х1ора кхиънаваьллачу нохчочунна хууш ду вай масийтта б1ешерашкахь дуьйна халонаш хьоьгуш схьадеана къам хилар. Вешан 1ер-дахаран кепаш, ламасташ, г1иллакхаш, къоман оьздангалла, шатайпаналла ларъярхьама вайн ворх1е дех диснарг лардархьама б1ешерашкахь къийсам латтош, царах къаьстича вайн къам дайна, кхечу къаьмнех д1аэдаларх ларлуш схьадеана къам ду вай. Халахеташ делахь а,  ала дог1у тахана вайн юкъараллехь цкъа а вайн дай цабаьшна, вайгахь товш доцу керлачу ламастийн, г1иллакхийн хуталш хецна хилар.

   Х1окху деношкахь Нохчийн Республикан культуран министра Кадырова 1айшата шен къамелехь къаьсттина емалдира вайн юкъараллехь ловзаршкахь, захалонна юкъахь даьржина керлаюкъадалораш. Билгалдаккха дог1у, Кадыров 1айшата оцу хьокъехь дина къамел бахархоша ч1ог1а реза хилла т1еэцар, цунах бахархошна боккха кхаъ хилла хилар.

   Шен къамелехь министра билгалдаьккхира:

   -Къаьсттина т1аьхьарчу хенахь вайн юкъараллехь нускал гучадоккхучу ловзаршкахь къоман цкъа а хилла а йоцу я вайнахехь товш а йоцу керла кепаш, керла ламасташ юкъадалор алсамдаьлла. Уггаре а халахеташ ду и керла юкъадалораш къоман ламасташ долуш санна лелор. Интернетехула 1аламат дукха яьржина нохчийн ловзарш гойтуш яьхна роликаш, суьрташ. Амма цкъа а вайн къоман амалехь, ловзаршкахь хилла доцу, дастам хеталуш долу керла юкъадалийнарш ду къоман ламасташ долуш санна схьагойтуш. Ткъа кхечу къаьмнаша иза вайн къоман культура йолуш санна т1еоьцу. Со дуьхьал ю оцу керла юкъадаьхначу х1уьмалгашна.

 Вайн дайшкара схьадаьхкина ламасташ х1ора а шен к1орггера маь1на, чулацам болуш хилла схьадаьхкина ду. Цара вайга схьадаларе терра т1екхуьучу т1аьхьене д1адала дезаш а ду. Нохчийн  ловзар даима хилла шен хазаллийца, ц1еналлийца, оьздангаллийца къаьсташ. Вайн республикера библиотекашкахь тоъал ю нохчийн хелхаран ламастах лаьцна книгаш. Вайн кегийнахе аса кхайкхам бо оцу книгех пайда а оьцуш, къоман культура дика 1амор, йовзар жигардаккхар.

 Нохчийн ловзаршкахь церан д1адахьаран тидам беш меттигаш хилла сан. Цигахь вайн лозаран г1иллакхаш дуьйцуш, гойтуш болх д1абаьхьна аса. Со цецйолуш дика т1еийцира наха нохчийн ц1енчу кепехь оха д1адаьхьна цхьа ловзар. Кхечу регионашкара бахархоша а т1ехь яздора соьга вайн ловзаран хазаллех лаьцна. Сан дехар ду, иштта аса кхайкхам бо республикан бахархошка, вайн дайша лелийна ловзаран кеп ларьяр, иштта, керлаюкъадалийнарш юкъара д1адахар.