Халкъан пондарча

      Комментарии к записи Халкъан пондарча отключены

Нохчийчохь цкъа а яцара илланчийн къелла. Дукха ширачу заманахь дуьйна схьадеана вайн махкахь халкъан илланча ларар, цуьнан сий дар, иза веза лелор. Халкъана илланчаш даима безна. Къомана дика деъчи а, вон деъчи а цхьатерра оьшуш, цахилча йиш йоцуш долу дакъа лоруш схьадеана нохчийн дахарехь илланчаш, говза пондарчаш. Уьш мукъаман я иллийн 1илма 1амийна нах а цахилла. Уьш ц1ена, Дала деллачу пох1маллица кхиъна, нохчийн къоман тайп-тайпана пондарийн мукъаман аьзнашца дашна чу са дилла хууш долу юкъараллин цхьа дакъа хилла.  Халкъалахь лаа олуш цахилла пондарчех, илланчех къоман жовх1арш. Ткъа вайн район царах къаьсттина г1араяьлла хилла даима а. Царех вара Нажин-Юьртара Нохчийчохь г1араваьлла пондарча, мукъамча Церебицев Элемар (Дала гечдойла цунна).

   Церебицев Элемаран дуьнент1е валар хиллера Нохчийчоьнан д1ах1оттаман аг1ор баккхийн хийцамаш хуьлучу шерашкахь (1934-чу шарахь). Дуьххьарлера нохчийн пондаран мукъамаш а шен доьзалехь хезнера Элемарна. Цуьнана да а хилла иштта нохчийн дечиг-пондарца гергарло долуш, говза мукъам бало хууш. Бер долуш дуьйна муьлхха а цкъа хезна мукъам дика схьалаца пох1малла долуш а, дагахь лаьтташ а вара иза. Шен дас пондар локхуш хезча, цуьнга лерина ладуг1уш, тидам беш, ойланашка воьдий самукъадолуш хилла жима к1ент.

   Иштта нохчийн къоман мукъамийн хазачу аьзнийн доьзалехь д1адахара Элемаран 10 шаре валлалц хилла долу бераллин дахар. Амма ша дерриге дохийра ц1еххьана нохчийн халкъана т1едеанчу доккхачу воно. 1944-чу шеран 23-чу февралехь доцу бахьана а кхоьллина махкахдаьккхира нохчийн халкъ.  Да 1едало нохчий бохабале лаьцна вигна сибрех х1аллакхиллера цуьнан. Иштта хийрачу махка д1акхаьчча, д1атарбелла а бовлале нана, йиша а д1акхелхина денйишица висира Элемар, цуьнан ваша Элашби. Амма йиша д1акхелхина к1ира хан юкъа ца юлуш вешех а къаьстира иза. Шина к1антах дог лозуш г1ирг1азоша шайн къепалца д1авуьгуш эмкалт1ехь воллушехьа кхелхинера цуьнан ваша Элашби. Иштта йиш-вешех, гергарчарах, дех-ненах хаьдда байлахь висина к1ант мацаллайх хьалха вакххархьама ца яьллачу денна цхьана г1ирг1азочуьнга кхаба д1авала реза хилира к1ентан дейиша Асмарт. Керлачу х1усамехь  Элемаран ирс хилира юха а пондарца гергалло таса, къоман цахиллехь а, Кавказан мукъамашка ладог1а. 

   Нохчий санна махкахдаьхна дукха къаьмнаш дара г1ирг1азойн махкахь: Месхетара туркой, г1езалой, хемшилаш, курдой, балкараш и. кх. а. Элемар  1аш хиллачу г1ирг1азойн доьзална гена воццуш вехачу месхетийн туркочо суьйренца локхучу пондаран мукъамах самукъадолуш, цуьнца гергалло лелийра Элимара ша шен нахана т1енисваллалц. Жимчу к1ентан самукъадолий хууш туркочо шен пондар локхуьйтура цуьнга. Иштта кхин а шарлуш, йоццачу хенахь кхин а дика карбирзира цунна кехат пондар. Т1аьхь-т1аьхаьа карабирзира Элемарна дечиг-пондар, 1адхьокху пондар, иштта  кхиболу мукъамийн г1ирсаш. Говза пондарча хиларал сов Элемар нохчийн 1адхьокху, дечиг, кехат пондарш ша дан хууш говзанча а вара. Иштта говза вара нохчийн вотанца а. Элемаран пондаран мукъаман аз довза хала дацара, х1унда аьлча цуьнан аз шатайпана къаьсташ дара шен бекарца, мукъамашца, хазаллийца.

   Хийрачу махкахь долуш нохчаша кхидолу г1иллакхаш санна ч1ог1а лардора синкъераман, захалонан, ловзаран г1иллакхаш а. Цхьа а синкъерам, ловзар д1а цаг1ора Элемар воцуш. Шен махках даьккхина къоман Даймахках догдилла ца дуьтуш, дог-ойла г1аттош, къоман мукъамашца дукха догэцна стаг вара Элемар. Дагца куралла йоцуш, шен х1уманан да воцуш комаьрша стаг вара иза. Нохчашна ц1адерза маршо яьллачу хенахь уггаре хьалха ц1абог1учаьрца ша винчу Нажин-Юьрта ц1авирзира Элемар. Элемар говза пондарча вуй хиъча хазахетарца районан культуран Ц1ийне балха ийцира. 60 шарахь, ша пенсе ваххалц, цигахь болх бира цо. Иштта шен говзаллийца махкахь «Шолг1а Димаев» аьлла ц1е яхара цуьнан.

   Нохч-Г1алг1айчохь доцург, СССР-н дуккха а республикийн, областийн г1аланийн гастролашкахь, Москвахь Кремлан съездийн Дворецехь  концерташ луш дакъаьцна вара г1араваьлла пондарча. Кремлехь концерт лучу хенахь сцени т1ера хьовсархошка д1ахаийтира Элемара районан центрехь культуран Ц1а цахилар. Элемара цигахь и алар бахьана долуш еха хан ялале, 1965-чу шарахь, керла культуран Ц1а дира райцентрехь.

 Тхан хенара чкъорана а дика дагавог1у Элемар. Сих-сиха тхан юьрта концерташ яла йог1ура райцентран исбаьхьаллин тоба. Ткъа Элемар а воцуш цхьа а концерт д1аг1уш яцара тхан юьртахь. Жимчуьнца жима хила, воккхачуьнца воккха хила хууш вара г1арваьлла пондарча. Къоман аларш, забарш, амалш евзаш самукъане стаг вара иза. Элемар воцуш д1аг1уш долу ловзар самукъане ца хетара, къаьсттина кегийрхошна, берашна. Ч1ог1а ларам бора Элемаран баккхийчу къаноша. Дика хаара цунна къанойн самукъадолу мукъам муьлха бу. Цара го а бой ладуг1ура пондарчийн мукъамашка. Дуккха а сийлаллин грамоташца дина совг1аташ дара цуьнан.

   Еххачу хенахь б1аьрса дайна лаьттира г1аравалла мукъамча. Амма нохчийн пондарца долу гергалло д1а ца тесира Элемара. Цамгарна ша к1елвиссалц шен дагалецамашка терра мукъам балош г1ийла декадора цо пондаран аз. Иштта бог1ура и вочу хьошалг1а республикера газетийн, журналийн корреспонденташ. Дуккха а хуьлура цуьнгара интервью эца, цуьнан пондаран мукъаме ладог1а луурш. Ша яьккхинчу хенах 60 шо районан исбаьхьаллин кхоллараллина д1аделира Элемара. Беран шераш доцург шен ерриг оьмар нехан самукъанна д1елла к1ант вара Нажин-Юьртара г1араваьлла халкъан пондарча Церебицев Элимар.