Ахархойн-фермерски бахамаш

      Комментарии к записи Ахархойн-фермерски бахамаш отключены

1алашоне кхаьчна

   Районехь ялта кхиорехь къахьоьгуш шиъ ахархойн-фермерски бахам бу. Царах цхьаъ Г1алит1ара Мусаев Мурата итт шо хьалха вовшахтоьхна ю. Коьртачу декъана ялта дуьйш-лелоран бахам бу иза. Доггах къахьегаре терра, цуьнах беркат а хуьлу цунна.

   Х1окху шара 19 гектара т1е б1аьстенан мукх д1абийра оцу бахамехь. Ялта д1адийначу хьалхарчу муьрехь дуьйна агротехнически бакъенаш кхоччуш ларъеш, д1адийначу ялтин дика доладар бахьанехь, беркате хилира къинхьегаман т1аьхье. Чуэцна ялта 56 тонна ду. Хьесап дича, х1ора гектара т1ера 23,5 центнер мукх чуберзийна цара. Иштта, карарчу хенахь хиндолчу ялтин массоаг1ор бан беза кечамаш беш бу фермерски бахамехь.