Школашкахь д1аяьхьира субботникаш

      Комментарии к записи Школашкахь д1аяьхьира субботникаш отключены

   Гергакхочуш ду дешаран керла шо. Районера дукхах йолчу школашкахь чекхбаьхна ремонтни белхаш. Республикански программица нийса а дог1уш, Зандакъара №1йолу, 1аларара юккъера, Г1оьрдалара, Ишхой-Отарара юьззина йоцу юкъарадешаран школашкахь д1ахьош бу капитальни ремонтни белхаш. «Школашна г1о» Ерригроссин акцехь дакъалоцуш «Единая Россия» партин отделенис 1аларара, Ишхой-Отарара школашкахь меттигера 1едалан депутаташа дакъалоцуш д1аяьхьира субботникаш.

   240 дешархочунна лерина йоккха школа ю 1аларахь ерг. Цунна капитальни ремонт яр т1еч1аг1дина, белхаш беш бу Нохчийн г1ишлошъяран урхаллин №14 йолу г1ишлояран-монтажни урхалла (прораб Бетирсултанов Бавудди).

   Ишхой-Отарара юьззина йоцучу школехь капитальни ремонт ярехь дакъалоцуш ю №2 йолу г1ишлошъяран монтажни урхалла (прораб Тутуев Шемал).

   Дешаран шо т1екхача йисинарг к1еззиг хан хиларе терра, школашкара г1ишлошъярхоша шайн берриге ницкъ т1ебахийтина г1уллакхдо 1-ра сентябрь т1екхачале уьш кийча хилийтарна т1ехьажийна.

   Шина а школехь субботникаш вовшахтохарехь жигара дакъалецира партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчас Матрашов Сулима, районан къанойн кхеташонан председатела Зайпулаев 1умарсолтас.