Исмаилов Абун -73 шо

      Комментарии к записи Исмаилов Абун -73 шо отключены

  Исмаилов Абу вина 1949-чу шеран 11-чу августехь Казахски Республикан Чимкентски областехь. 1967-чу шарахь чекхъяккхина Нохч-Г1алг1айн университетан филологически факультет. 1968-70-чу шерашкахь Абу г1уллакхдеш вара Советски Эскарехь. Цигара мокъаваьлча, 4-5 шарахь электрикан, слесаран белхаш бира цо цхьацца предприятешкахь.

 1975-чу шарахь кхоллараллин балхана т1евирзира Исмаилов. Нохчийн книжни издательствохь корректоран, редакторан даржехь волуш д1адолийра цо шен кхоллараллин дахар. Радиотелевиденин, иштта кхийолчу зорбанан учрежденешкахь а волуш, иза кхиавора байташ, пьесаш, поэмаш, кхийолу исбаьхьаллин произведенеш язъян а.

    Абун кхоллараллехь къаьсттина меттиг д1алоцу ненан мотт кхиоро. Цуьнан коьрта 1илманан болх бара цо х1оттийна «Дош» ц1е йолу дошам. 18 эзар дош нохчийн маттера оьрсийн матте а доккхуш, х1оранна маь1на а далош мехала болх бу Абус шен дошамна т1ехь бинарг.

   Абу нохчийн меттан говзалла, исбаьхьалла, маь1на довзийтарехь доккха дакъа диллина къахьоьгуш схьавог1уш ву тахана а. Дала т1аьхье беркате йойла цуьнан.