Юьртан культуран кхерчашкахь

      Комментарии к записи Юьртан культуран кхерчашкахь отключены

Кхоллараллин говзалла лакхайоккхуш

Районан бахархойн дахарехь тоьлла меттиг д1алоцу яртийн культурин ц1ийнойн исбаьхьаллин коллективаша. СССР йохале дуьйна а республикехь дика евзаш г1араевлла исбаьхьллин коллективаш яра районехь. Вайн районан коллективаш къаьсташ хуьлура шайн къоман исбаьхьаллин исторически хат1, васт, ламаст, чулацам, иштта кхийолу амалш ларъеш  хьовсархошна д1агайтарца. Иштта шайн ламаст ца дохош таханалерачу дийне схьаяьхкина уьш. Царах цхьаъ ю Замай-Юьртара культурийн Ц1ийнан исбаьхьаллин коллектив а (культурин Ц1ийнан директор Искажиев Аьрзу).     

    Юьртан дахарехь дакъалаьцна ца 1аьш, районан культурин дахарехь а жигара дакъалоцуш хиларца дика ц1е йоккхуш схьайог1уш ю Замай-Юьртара культурин Ц1ийнан исбаьхьаллин коллектив. Иштта юьртан а, районан а исбаьхьаллин мероприятешкахь доцург, цхьа а кхийолу  мероприяти д1а цатуьлуьйту цара дакъа ца лоцуш.

Тхан  шеца хиллачу къамелехь юьртан исбаьхьаллин коллективах лаьцна дийцира цуьнан куьйгалхочо Гезиев Муслима:

   -Тхан исбаьхьаллин коллективехь вовшахтоьхна хоровой, хореографически, вокальни, къоман иструментийн оркестран тобанш. Кхачо йолуш бу тхан исбаьхьаллин кхоллараллин балхана оьшуш болу г1ирс. Царах пайда эца йиш ю кегийрхойн, школера дешархойн. Районан культуран отдело вовшахтухучу массо а мероприятешкахь жигара дакъалаьцна ца 1аьш, республикан барамехь,  д1ахьочу мероприятешекахь а дика дакъалацарна культуран министерствос сийлаллин грамоташца билгалбаккхина тхан коллективан болх. Иштта кхид1а а юьртахь, районехь къоман культуран дахар тодарехьа къахьега кийча ю тхан коллектив.      

    Исбаьхьаллин коллективан куьйгалхо Гезиев Муслим шен говзалла, шен болх дика бевзаш, зеделларг долуш, юккъера лерина образовани йолуш говзанча ву. 28 шо хан ю Муслим культурин дахарехь болх беш волу. Шен коллективаца ваза хууш, шен болх дика бевзаш, юьртахойн, къаьсттина кегийрхойн, сий-ларам болуш схьавог1уш ву Муслим. Иштта, республикан культурин Министерствон «Синмехаллаш» проектехь иза юкъаяьлчахьана, шен коллективаца цхьаьна жигара дакъалоцуш схьавог1уш ву. Иштта республикан а, республикан арахьа д1ахьочу мероприятешкахь, фестивалашкахь а жигара дакъалацарна  республикан культуран Министерствон, Россин культурин белхалойн профсоюзан председателан, районан культурин отделан ц1арах грамоташца билгалбаьккхина цуьнан болх. 1994-чу шарахь дуьйна «Ламанан аз» ансамблан декъашхо а ву Муслим. Муслим дика кхеташ ву культуран белхалочун дарж жоьпаллин дарж хиларх, х1унда аьлча, культура къоман оьздангалла ю, иштта юьртан юьхь ю. Ткъа культурехь берг болх хилла ца 1а. Культуран белхало иза-къоман куьзга ду.