Т1аьххьара кечамаш бо

      Комментарии к записи Т1аьххьара кечамаш бо отключены

   Дукха хан ца йисина хьалхара сентябрь т1екхача. Оцу дийнахь школашкахь д1адолалур ду дешаран керла шо. Дешархоша юха а д1аюзур ю классийн чоьнаш. Оцу денна кечамбар муха ду хьовсуш, талламаш беш Зандакъара №1 йолу юккъера юкъарадешаран школехь хилира «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулим, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта.

   Бинчу талламашца билгалделира, х1окху аьхкенан муьрехь Нохчийн Республикан дешаран1илманан министерствос х1оттийначу программица кхузара школана капитальни ремонт яран белхаш д1ахьош хилар. Шайх тешийна г1уллакх кхиамца дахьош бу Нохчийн г1ишлошъяран урхаллин №12 йолу СМУ-н белхалой. Цара доггаха къахьегар бахьанехь чекхбовла герга бу школана чухула, арахула бан билгалбина белхаш. Тешам боллуш ду дешаран керла шо юьртара дешархоша хазачу, сирлачу классийн чоьнаш чохь д1адолориг хилар.

Юьртахойн ц1арах  баркалла олуш г1ишлошъярхошна довха дешнаш  элира цхьаьнакхетарехь школан директора Задаев Ширванис.