Меле г1уллакх

      Комментарии к записи Меле г1уллакх отключены

Т1ай тиллина юьртахь

Ламанан ярташкахь, вайна ма-хаара, некъаш галдуьйлу, дог1анаш дилхича меттигаш текха. Иштта Татай-Отарахь хинал дехьа 1аш болчу бахархошна т1ебог1уш некъ бацара. Т1ай дара тиллина , делахь иза тишделла, кеглуш дара.Т1аккха  юьртарчу бахархоша т1ай тилла ахча гулдира. Ламанан ярташкара бахархоша а шайн йиш йолччу кепара дакъалецира.

Гулделлачу ахчанах т1айна оьшуш болу г1ирс а оьцуш бахархоша т1ай тиллар д1адолийра. Иза онда т1ай ду, х1инцалц машенаш д1а-схьа лела йиш цахиллехь, х1инца парг1ат машенаш лела мегар ду оцу т1ехула. И т1ай туьллуш дакъалоцуш г1о мел динчарна а баркалла боху юьртарчу бахархоша.

Иштта оьшучохь вовшашна накъосталла а деш, барт-марзо ца хедаш дехийла вай.

М. Дорцуева,

Нохчийн пачхьалкхан университетан

журналистикан отделенин студентка