Искусствон говзанчаша д1аолу иллеша, эшарша, хелхарша массо а заманахь б1аьрла гайтина нохчийн къоман хаза, оьзда г1иллакхаш. Цундела уьш мичча меттехь гастролашкахь хиларх доггаха т1еоьцу.
Царна юкъахь ю Нохчийн, Г1алг1айн Республикийн хьакъйолу артист Элжуркаева Луиза.Цуьнан сольни концерт хилира Усманов 1имранан ц1арах йолу районан культуран Дворецехь. Цуьнца бара филармонин артисташ Межидов Сахьаб, Исламов Султан, Мунашев Адам, Джамалдинов Ислам, Исраилова Тоита.
Даима санна безаш т1еийцира районан бахархоша Грозный г1алара баьхкина артисташ. Цкъаделахь, хьовсархойх а, ладог1архойх а юьззина яра культуран Дворецан чоь.
Эльжуркаева Луизин, цуьнан накъостийн репертуарехь яра безаман, лирически, патриотически маь1на долу номерш. Х1ора артиста шен говзалла лакхайоккхуш болх беш хилар гуш дара.
Шен концерте хьовса баьхкинчу районера бахархошка йистхуьлуш Эльжуркаева Луизас элира:
-Суна уггаре хьалха даггара баркалла ала лаьа Нажин-Юьртан районан бахархошна, даима санна кхузахь тхо дезаш а, сий-ларам беш а, концерташкахь жигара дакъалоцуш а т1еэцарна. Кхузара бахархой массо хенахь а хилла къоман куьтура езаш хиларца къаьсташ, г1иллакхан хазалла, исбаьхьа дахар, комаьршалла йолуш. Дела реза хуьлда шуна!
