Х1окху деношкахь 71 шо кхечи Нохчийн Республикан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина. Иза дагалоцуш горга стол вовшахтуьйхира районан модульни библиотекехь. Дакъалоцуш бара: районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, «Халкъан дош» газетан белхалой Инеркаев Яхьъя, Даудов Нажмуди, районан культуран отделан коьрта говзанча Мадаева Сувайрат, методист Цербицева Хьавани, Нажин-Юьртара вахархо Насуханов Ислам, Нажин-Юьртара юккъера юкъарадешаран №2 йолу школан дешархой.
«Горга стол» д1ахьош яра районан библиотекан заведающи Мудаева Разет. Мероприятин декъашхой хьаьвсира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахарх лаьцна кечйиначу ролике.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжех болу шайн дагалецамаш бийцира «Горга стоьлан» декъашхоша.
Зайпулаев 1умарсолта:
-Нохчийн Республикан хьалхара Президент, Россин Турапалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де гергакхочуш юх-юха а карлаболу чолхечу муьрехь ша республикан куьйгаллехь волуш цо бина некъ. Дагадог1у цо шегара гайтина хьуьнарш, собар, 1илма, хьекъал. И воцчун цхьанне б1о ца буьйлира «Со т1ом сацо ца г1ерта, со т1ом гуттаренна а д1абаккха г1ерта»,-аьлла д1ахьедар дан. Тахана Нохчийчохь схьагуш ду, Делан къинхетам хьалхабаьлла, цуьнан и лаам кхочушхилла хилар.
Хатулаев Виспаша:
-Кадыров Ахьмад-Хьаьжас д1аболийначу машаре некъан г1о лоцуш, районан бахархошна юкъахь бан мабеззара кхетаман болх беш схьабог1у «Единая Россия» политически партин районан отделенин мог1арехь болу декъашхой а. Ши эзар сов бу уьш. 2002-чу шарахь Ахьмад-Хьаьжин д1адолорца вайн районехь д1аяьхьначу конференцехь кхоллаелла партин региональни отделени. Таханлерачу хьелашка хьаьжча, мелла а кхераме зама яра иза. Кеззиг бара д1аболийначу оцу балхах тешарш а. Делахь а партис юхьарлаьцна некъ Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арца боьзна хиларх кхеташ, шо-шаре мел дели алсамбевлира партин жигархой. Бахархошна юкъахь кхетаман болх хьокъаладолччу кепара д1абаьхьна хиларан т1аьхье яра Нохчийчохь референдум д1аяхьарехь, цул т1аьхьа республикан Президент хоржуш хиллачу харжамашкахь бахархоша йоккха жигаралла гайтар.
Инеркаев Яхьъя:
-Ахьмад-Хьаьжа вайн пачхьалкхехь вевзина ца 1ара.Иза шен заманан воккха хьекъалча вара.Цуьнан кархделира шен коьрте хьийза беркате ойланаш дахаре яха.Т1емаша а, иштта лайначу кхечу халонаша а вай санна долчу жимчу къомана маьршачу дахаре болу некъ кхитайпа хила безарх к1орггера кхетам болуш къонаха оьшура халкъана. Къаьмнийн юкъараллин идеологи, политика буххера хийца езарх кхетта ца 1аш, иза нийса д1аяхьа доьналла а, хьекъал а кхечира Ахьмад-Хьаьжин. 2003-чу шеран 25-чу мартехь Ахьмад-Хьаьжас юьхьарлаьцна некъ къобалбира халкъо. Йоццачу хеначохь д1адоладелира машаре дахар.
Мадаева Сувайрат:
-Х1ун ду-те Ахьмад-Хьаьжас юьхьарлаьцна некъан халкъо доггаха г1олацаран бахьана? Нохчийн дегнашкахь х1унда висина иза? Оцу хеттаршна доцца жоп дала аьтту бу вайн. Цо юьхьарлаьцна хиллачу некъан г1о а лаьцна, иза нохчийн халкъан дегнашкахь а висна халкъана юккъера схьаваьлла хиларна. Халкъана юккъера схьаваьлла халкъан тхьамда вара иза. Цундела цуьнан лаамаш, лазамаш, хьежамаш гергара бара массарна а. Мискъалазарратал куралла яцара цуьнгахь. Г1иллакхах, оьздангаллех, собарх ийманах вуьззина вара. И саннарг цавезалойла дацара халкъана.
Насуханов Ислам:
-Шен дас Ахьмад-Хьаьжас д1аболийна некъ кхиамца д1ахьо цуьнан к1анта Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Цо г1о дар бахьанехь д1адаханчу шерашкахь дуккха г1уллакхаш дина районан, яртийн сибат хийцарна а, бахархойн дахаран хьелаш тодарна т1ехьажийна а, йина образованин, могашалла 1алашъяран, культуран учрежденийн, спортан, сада1аран керла объекташ, маьждигаш, тодина некъаш, техкина т1айш, ялийна газан керла линиш.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина нохчийн поэташа язйина стихаш йийшира дешархоша Саиева Джелимата, Хамбулатова Пет1амата, Деригова Амината, Деригова Пет1амата. Библиотекара Сунчханова Линдас йовзийтира Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина кечйинчу выйставкера книгаш, журналаш, зорбанан белхаш.
