Толамаш бехира
Нохчийн Республикан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 71 шокхачарна лерина кикбоксингехула леташ Дуьненаюкъара къийсадаларш д1адаьхьира Гуьмсера «Беной травель» туристически компанин спортан зала чохь. Къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара вайн районера итт спортсмен.
Къийсадаларш хилира. Атта цахилира толамашка кхача. Делахь а, шайн яхь д1а цалуш къовсамашкахь дика летира вайн спортсменаш. Хьалхара меттигаш ехира, Хатулаев Адама, Солтаев Илеса. Шолг1ачу метте велира Хатулаев Ясин, Душулов Шамхан. Кхоалг1а меттигаш бехира Масуев Амира, Соипов Наиба, Соипов Хьамзата, Кереев Аламбека.
Къийсадаларшна вайн спортсменаш кечбира тренерша Масуев Расула, душулов Адама.
Толамхошна совг1аташ дира призашца, сийлаллин грамоташца.
