Нохчийн Республикан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина райцентрера майданахь д1аяьхьира куьйга говзаллин выставка.Цигахь дакъалоцуш вара администрацин куьйгалхо Селимханов Султан, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта, образованин, культуран учрежденийн куьйгалхой, говзанчаш, районера бахархой.
Гулбеллачарна хьалха къамел деш районан администрацин социальни политикан, туризман, спортан отделан начальника Черезбиева Асета бовзийтира шаьш бина белхаш бохьуш выйставке баьхкина пхьераш. Уьш бара: Нажин-Юьртан районера Даукаев Адам, Аабдулхаджиева Курбика, Асабаева Зумма, Шелан районера Ватаев Шарудди, Асадов Апти, Зубайраев 1абдулбек, Сулейманов Ибрех1ам, Куьрчала районера Бимарзаев Асхьаб, Исаев Мак-Мохьмад, Грознера Иножаев Джабраил, Исрапилова Раиса.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархошна хьалха къамел деш вистхилира районан куьйгалхо Селимханов Султан. Цо далийра иштта дешнаш:
-Тахана х1ара зама зовкхе хиларан бахьана Нохчийн Республикан хьалхара Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) нийса некъ харжар ду. 1999-чу шарахь иза хьалхваьлла цахиллехь хала дара тахана вай муьлхачу хьолехь хир дара ала. Россин халкъашца цхьаьна даха машарен некъ бара цо юьхьарлаьцнарг. Делан лаамца иза орцахвалар бахьана долуш цо д1аболийна некъ беркате хилира. Вайн тоьллачу къонахойн мог1арехь ц1ейоккхуш гуттаренна а вайн дагалецамашкахь лаьттар ву и чолхечу, цуьнца цхьаьна сирлачу кхолламан стаг-турпалхо. Дала декъалвойла иза.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархойн иллешца, эшаршца самукъадаьккхира «Ламанан Аз» халкъан ансамблан тобано.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархой хьаьвсира пхьераша шаьш кечйина, выставке гайта еана экспонаташ.
Черезбиеа Асета районан администрацин куьйгалхочун Музуруев Асланбекан ц1арах сийлаллин грамоташца совг1аташ дира пхьерашна. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикан берийн бакъонаш ларъярехула волу векал Хирахматов Хьамзат.
