Районан культуран белхалошна юкъахь дикачу аг1ор ц1е йоккхуш ву Мескитара культуран Ц1ийнан директор Айдамиров Уматгери.
-Массарна хууш ду культуран кхерч бахархошна сада1а, шайн мукъа хан самукъане, чулацаме д1аяхьа меттиг хилар, -дуьйцу Айдамировс. — Амма дуьххьал д1а сада1аран, самукъадаккхаран меттиг хилла ца 1аьш, культуран Ц1а, коьртачу декъана, кхетош-кхиоран кхерч а бу. Оцу жоьпаллех нийса кхеташ а, тхайн йолчу таронех мелла а пайдаоьцуш а д1ахьо оха бахархошца бен болх. Кхеташ ду, культбелхалой шайн балхе, халкъан кхолларалле безам болуш хилар.
Айдамировс шен балхахь иштта коьрта лору халкъан культура кхиор, халкъан дика, хаза г1иллакхаш, ламасташ довзийтар, заманца кхолладелла керланиг даржор, ч1аг1дар. Х1ун хир ду тахана церан меха?
Культуран Ц1ийнехь вовшахтоьхначу исбаьхьаллин самодеятельностехь жигара дакъалоцу юьртара кегийрхоша а, мехкарша а. Деза денош т1екхочуш концертни программица самукъа доккху цара меттигера бахархойн. Исбаьхьаллин самодеятельностан дакъалацархойн зевне аьзнаш хеза районехь вовшахтухучу мехалчу мероприятешкахь а. Коллективан жигара дакъалацархой бу юьртара кегийрхой.
Культуран белхан маь1на 1аламат доккха хилар дийца ца оьшуш вайна массарна а хууш ду. Иза коьрта лоруш, оцу 1алашонца веха тахана Мескитара культуран Ц1ийнан директор Айдамиров Уматгери, исбаьхьаллин куьйгалхо Абдулмуслимов Рамзан, цуьнан белхан накъостий а.
