Толуш ду ламанца некъаш

      Комментарии к записи Толуш ду ламанца некъаш отключены

 Вайн районера ламанца хуьлучу токхамаша некъаш дохош меттигаш нисло. Иштта токхамаша йохийнера Энгана голатухучуьра Бена кхаччалц йолу некъан участок.

   Х1окху деношкахь «Лига строй» предприятин белхалоша дуккха  къахьийгира вай юьйцучу участкера некъ юхатобеш. Шорбина некъ, лахйина ирхеш. Жаг1а буттуш, баржош, батош араяьккхинера оьшуш йолу ерриге а техника.

   Ши де хьалха Бенара Пхьачу дозанера охьа асфалтан некъ билла болийна  лакхахь вай ц1е яьккхинчу предприятин белхалоша. Йиъ чаккхарма юкъ ю некъ юхабилла езарг. Некъа т1е асфалт кхоьхьуш г1уллакхдеш ю Замай-Юьртара «Асфальт-4» заводера пхиъ «Камаз» машен, Белг1атара асфальт схьакхоьхьуш ю 15 «Камаз» машен.

   Асфальтан некъ билларан г1уллакхан дика тергоеш ву мастер Джабаев 1алви. Цо билгалдаккхарехь, кестта керла, хаза некъ гур бу Бена вог1учунна.