Керлачу хийцамашца д1адолор ду дешаран керла шо

      Комментарии к записи Керлачу хийцамашца д1адолор ду дешаран керла шо отключены

 Х1ора шарахь 1-ра сентябрь хаарийн деза де хиларе терра, иза лерина билгалдаккхар ламаст хилла схьадог1уш ду вайн махкахь. Иштта тахана, махкахь массанхьа санна, хаарийн Де даздийр ду районерчу школашкахь. Хаза, къегина, самукъане кечделла, карлаяьхначу школашкахь даздаран хьолехь д1ахьур ю школьникаша линейкаш. Юха а цхьаьнакхетар бу шайн хьехархошца дешархой. Къаьсттина доккха деза де хирду дуьххьара школан х1усамашка цхьайтта шарахь деша дог1учу берийн. Керла дуьне довзаран новкъа х1уьттур ду эзарнашкахь бераш.

 Россин Федерацехь массанхьа а санна, районан х1ора школехь шатлакхан иллица ойур ю пачхьалкхан байракхаш. Даздаран хьолехь х1ора школехь шатлакхан иллица, к1иранчохь цкъа пачхьалкхан байракхаш айар ламаст а хилла д1аг1урду школашкахь. И ламаст кхочушдийр ду тоьллачу дешархоша а, дешархойн дай-наноша а.

 Иштта керлачех ду хьалхарчу классашкахь дуьйна мехкан истори 1аморан дарс юкъадалор а. Алсамдоккхур ду дешархой выставкашка, музейшка, экскурсашка д1аса бигар, мохк бовзийтар

 Алсамдоккхур ду мехкан историх лаьцна киноурокаш д1аяхьар. Иштта керлачу программийца д1ахьур ду мехкан истори 1амор лахарчу классашкахь а.

 1-чу сентябрехь дуьйна 1-5 классашкара дешархошна юкъадалор ду керлачу дешаран стандарташца болх бар. Иштта юкъадалор ду «Ладаме къамелаш» аьлла долу классан сахьт. Оцу сахьташкахь дешархошна дуьйцур ду вайн юкъараллин мехаллех, политически дахарх, регионан хиламех  лаьцна.

  Дала аьтту бойла! Дала т1аьхье беркате йойла вайн!