Таймин Бийболатан бералла а, къоналла а
Нохчийн къоман иэсехь бохаме шо хилла дисинчу хенахь дуьненчу ваьлла Таймин Биболат. Иза Шайх-Мансур имам а волуш, Россин паччахьан колониальни эскаршца т1ом беш болу болам сецна 1791-г1а шо хилла. 1829-чу шарахь Арзрум-г1алахь цуьнца цхьаьнакхетар хиллачу А. С. Пушкина 30 шарера хан билгалъяьккхина цуьнан. Бийболат тайпана билто хилла. Бийболатан 1ер-дахар толлучара х1инццалц шайна хьалха уггаре ладаме а, шена т1е тидам бохуьйтуш а долу хаттар ца х1оттийна. Шен сел доццачу дахарехь (иза дукха къона волуш кхелхина) ерриге Кавказехь а г1араваьлла хиллал г1уллакхаш дан муха кхиъна иза? Ткъа оцу хаттаро кхин цхьа хаттар а кхуллу: Таймин Бийболат кхетош-кхиийнарг мила хилла? Оцу вуно халачу хаттаршна жоп дала хьовсур ду вай. Цуьнан 1ер-дахаран доцца хьаьркаш:
-Шен кхо-диъ шо кхачначу хенахь дуьйна шен деден лерринчу тергонца кхиъна ву Бийболат. Ткъа цуьнан денда Нохчийчохь вевзина ца 1аш, Кавказехь доттаг1ий а болуш, вевзаш къонаха хилла. Шен ц1ахь к1еззиг зама йоккхуш хилла цо. Г1умкийн, ж1айн, г1ебартойн, ног1ийн мехкашкахь а, Теркал дехьара г1алг1азкхийн станицашкахь а хьеший болуш хилла иза. Жимчохь дуьйна (пхе шаре ваьлчахьана) говрийн амалш йовзарца говза волу шен к1ента к1ант цхьаьна воцуш ц1ера араволуш цахилла денда. Дукха хьолахь иза луларчу мехкашкахь шен доттаг1ий болчохь шина-кхаа баттана хан яккха меттанаш, г1иллакхаш 1амадайта Бийболат хьошалг1ахь а вуьттий воьрзуш хилла ц1ехьа. Къаьсттина т1е тидам бохуьйтуш 1амош хилла беречун говзалла, герз лело.
Бийболатна иттех сов мотт хууш хилла. Оцу кепара божабераш кхетош-кхиор Къилбаседа Кавказан массо а къаьмнашлахь даьржина ламаст хилла. Кест-кеста Бийболатан денда, да волчу кхечу мехкашкара хьеший бог1уш хилла, иштта кхетош-кхио шайн кегийра божабераш далош. Иштта дендас леррина т1е тидам бахийтар бахьана долуш, шен ворх1 шо кхочуш г1умкийн а, итт шо кхочуш оьрсийн а, кхин дуккха а меттанаш хууш хилла Бийболатна. Дендас хьошалг1а кхийлина ца 1аш, ч1ирхошна юкъахь масла1ат дечу а, луларчу мехкашца т1ом я машар кхайкхочу а, тезеташка а, Мехк-Кхелан кхеташоне а, ткъа пхийтта шо кхаьчначул т1аьхьа бакъболчу т1аме а кхуьйлуш хилла иза.
Иштта, 1807-чу шарахь, 15 шо долчу Бийболата шен дахарехь дуьххьара къоме мохк ларбан кхойкхуш къамел дира. Нах цигахь вовшахкхеттера Нохчийчоьнна т1амца т1едог1учу инарла Булгаков коьртехь волу оьрсийн паччахьан эскарна дуьхьал т1ом баран 1алашонца. Орга хина малхбузехьа, Атаг1а, Чечана ярташна юккъехь , паччахьан эскаро ч1ог1а эшам бина хилла нохчийн б1аьхошна. Оцу тасадаларехь шен дуьххьарлера т1аме х1оьттинчу Бийболата, уггаре г1арабевллачу т1емалоша хастам а беш майралла гайтира. 1818-чу шеран б1аьста, Оьрза-Г1алара Бийболатан доттаг1аша инарла Ермолов т1амна кечлуш хиларх хаам бича, Суьйра- _Коьртехь вовшахкхеттачу нохчийн Мехк-Кхело Гермчигара 1абдул-Къедар-молла имам хаьржира. Шайх-Мансур д1аваьлча, Къилбседа Кавказехь шолг1а имам хилла иза. Цо шен хьалхара г1оьнча, т1еман г1уллакх карахь а долуш, Таймин Бийболат х1оттийра. Теркан хица болу оьрсийн ч1аг1онан мог1а Соьлжа хица сехьабаккха инарла Ермоловна новкъарло ян езаш хилла Нохчийчоьнан т1еман баьччанаша. Оьрза-Г1алахь вовшахтоьхна оьрсийн паччахьан эскарш, Кавказан сардал (А. П. Ермолов) коьртехь а волуш Соьлжа хина йистте г1оьртина. И эскарш новкъа маца довлу хууш волчу Бийболата оцу новкъахь уггаре а ладаме гечош долчохь к1елонаш йина хилла царна. Цхьа к1ело Оьрза-Г1ала йолччохь Теркан гечонна уллохь, ткъа важа къилбаседехьара аьрру аг1орхьара Соьлжах д1акхеташ долу Нефтянка хин гечонна уллохь. Цу шина а тасадаларехь шайна дина даккхийн зенаш ца лоьруш, паччахьан эскар чекх а даьлла, Соьлжа хина йистте кхаьчна. Цигахь инарла Ермоловс керла т1еман г1ап а йиллина «Грозная» аьлла ц1е а тиллина. Соьлжа хин йисттехь хиллачу боккхачу т1амехь, уллохь иккхина йоккха тоьпан х1оъ кхетта имам 1абдул-Къедар кхалхар бахьана долуш боьхначу нохчаша толам д1абелла.
Юха шолг1а нохчий доккхачу г1азоте х1итто воьлча, Бийболатан г1уллакх цахилла. 1824 шо кхаччалц цо пачхьалкхан эскаршна кегий тобанашца т1елетарш а деш, «партизанийн т1ом бо». Оцу жимачу т1амах бахьана а долий Таймийн Бийболат коьртехь а волуш г1азоте г1евттинчу нохчаша 1824-1826-чуй шерашкахь боккха т1ом а бо. Цул т1аьхьа имам Шемал коьртехь а волуш т1аме х1иттинчу мурдийн боламан т1еман тактика оцу т1амера схьаэцна яра. Х1Х-чу б1ешеран ткъолг1а шераш чекхдовлуш Бийболат политикан къийсамна юкъара волу.
Ткъа Таймин Бийболатан васт дуьззина хилийтархьама, оха «Славный Бейбулат» (Л. Колосов, Грозный, 1991г. «Историко-биографический очерк) книги т1ера тоьшаллаш даладо: «Х1орш бу-кх уьш, бакъболу малхбален т1е1аткъамаш! Сийдолу Бийболат, Кавказан ткъес, шина тхьамдица Арзрум-Г1ала веънера…» (А.С. Пушкин).
Муьлххачу а аг1ор оцу заманахьлера бакъдерг Бийболатехьа дерзахь а, шеко йоцуш цхьаъ ду. XIX-чу б1ешеран ткъоалг1ачу шерашкахь Къилбседа Кавказан ламанхоша къаьмнаш парг1атдахарехьа д1ахьочу къийсаман г1араваьлла куьйгалхо а, Шайх-Мансура болийначу новкъахь д1аоьхуш, имам Шемална исторехь некъ баьккхинарг а Таймин Биболат хилар. Шайхалла, я имамалла ца лоьхуш, бакъволу турпалхо хилла иза. Паччахьан 1едало Кавказехь лелочух, цуьнан политиках вуно дика кхеташ, 1едалца юкъаметтигаш лаха, лело хууш хилла Бийболат. Кавказехь мел хуьлучу хиламашкахь жигара дакъалоцуш 30 шарахь гергга къахьегна Бийболата. XIX-чу б1ешеран хьалхарчу эхехь нохчаша паччахьан 1едална дуьхьал беш хиллачу г1аттамийн тошаллаш ду…
Къилбседа Кавказехь г1аттамийн баккхийн т1емаш гуттара а д1абоьдучу партизанийн т1амца цхьаьна хуьлуш хилла. Оцу къийсаман къаьсттинчу декъашкахь Таймин Биболат коьртехь хилла… Иза халкъана юккъера схьаваьлла тхьамда а, т1еман баьчча а хилла, къаьсттина Малхбален Нохчийчохь. Кхиболчу нохчашна юкъахь к1еззиг цахилла цунна реза берш, ама массо а х1уманна т1ехь ца хилла уьш цунна реза…
Кавказан исторехь XIX-чу б1ешеран хьалхара дакъа Бийболатан зама лара мегар ду. Ламанхойн маршонехьа цо д1ахьочу къийсамна реза хилла А.С. Пушкин, А.С. Грибоедов, М.Ю. Лермонтов, Л.Н. Толстой, декабристаш, иштта д1а кхин а бевзаш болу оьрсийн элийн тоьлла дакъа хилла болу нах.
С. Умаров
Зорбане кечйинарг Я. Инеркаев
