Терроризмана –ондда дуьхьало

      Комментарии к записи Терроризмана –ондда дуьхьало отключены

Терроризмана дуьхьал къийсам д1абахьаран де билгалдоккхуш хиларо гойту  Россиин пачхьалкхера берриг бахархой цхьатерра терроризмана дуьхьал хилар, къаьмнийн барт, цхьаалла хилар, цунна дуьхьал къийсам латтор-пачхьалкхан коьрта 1алашо хилар.

Тахана вайн республикехь къаьсттина сема тидам т1ебохуьйту терроризмана дуьхьал болчу къийсамна. Нохчийн хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьна) ша куьйгалле веъча уггаре хьалха талораш дечу тобанашна дуьхьал баьккхира шен берриге ницкъ. Цуьнан некъ д1абаьхьира цуьнан к1анта, Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Тахана иштта луьра къийсам латтор бахьана долуш терроризмах ц1анъелла вайн республика. Карарчу хенахь оцу аг1ор Россин регионех уггаре парг1ат республика хилла д1ах1оьттина Нохчийчоь.         

   Усманов 1имранан ц1арах йолу культуран Дворецехь д1аяьхьира «Тхо терроризмана дуьхьал ду» аьлла терроризмана дуьхьал къийсам д1абахьаран денна лерина мероприяти. Меропиятехь дакъалоцуш вара районан куьйгалхо Селимханов Султан, яртийн администрацийн, учрежденийн куьйгалхой, юкъараллин векалш.

   Гулбеллачаьрна хьалха къамел дира Селимханов Султана. Цо элира:

   -Х1ора шарахь, 3-чу сентябрехь вайн махкахь билгалдоккхуш ду терроризмана дуьхьал къийсам латторан де. Х1ора дийнахь бохург санна телевиденихула а, зорбанехула а, махкара а, махкал арахьара а хьал дуьйцуш хеза вайна дуьненан маь1-маь11ехь террористаша маьршачу адамийн дахар а дохош даккхий зуламаш дина бохуш. Иштта го вайна дайина адамаш, йохийна г1ишлош, иттаннашкахь, б1еннашкахь лазийнарш. Хаалуш дегнаш лаза долу иштта къиза хьал гича. Ша адам хетачунна дог ца1овжош ца юьсу иштта ирча къизалла.

   Терраризман сингаттамаш алсамбийларо б1аьрла гойту вай ваьш дехачу, болх бечу меттехь ч1ог1а сема хила дезаш хилар. Терроризм боху дош вайн юкъараллина мелла а хердархьама хаддаза, к1ад цалуш къахьега деза кегийрхой оцу зуламах ларбаран 1алашонца. Гайта деза терроризм вайн нохчийн къоман 1адаташца а, г1иллакхашца а йог1уш цахилар. Вайн халкъах волчу цхьана а стагера терроризман зулам цадалийтархьама и г1уллакх хаддаза шен семачу тидамехь латтош, боккха болх д1абаьхьира республикан хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Тахана оцу новкъа схьавог1у Нохчийн Республикан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.    Цхьаьнакхетарехь патриотически темина лерина стихаш йийшира Зандакъара №2 йолу школан 3-чу классера дешархочо Успанов Мохьмада, Даттахера юккъера школан дешархочо Делиева Хадижас. Иштта патриотически темина лерина йиш д1аэлира «Ламанан аз» ансамблан декъашхочо Аюбова Танзилас.