Районехь билгалдаьккхира республикан Де

      Комментарии к записи Районехь билгалдаьккхира республикан Де отключены

Усманов 1имранан ц1арах йолу районан культуран Дворецехь даздаран хьолехь билгалдаьккхира Нохчийн Республикан Де. Даздаран мероприятехь дакъалоцуш вара районан куьйгалхо Селимханов Султан, яртийн администрацийн, учрежденийн куьйгалхой, говзанчаш. Гулбеллачаьрна хьалха къамел дира Селимханов Султана. Цо дийцира:

   -Кху деношкахь вай билгалдоккху Нохчийн Республикан халкъан масла1атан а, цхьабарт хиларан а де. 2002-чу шеран 4-чу сентябрехьлера шен №59 йолу указаца Нохчийн Республикан хьалхара Президента (х1етахь республикан Администрацин Куьйгалхо) Кадыров Ахьмад-Хьаьжас оцу дийнах, республикан гражданаш цхьаьнатохаран 1алашонца, маьршачу дахаре зазадаккхийтаран дуьхьа а, къоман масла1атан а, цхьабарт хиларан а Де кхайкхийра иза.

   Нохчийн Республикана къаьсттина маь1не ду и дезде. Нохчийн халкъан кхоллам даима бозабелла хилла Россин дуккха а къаьмнийн халкъаца. Нохчийчоьнан к1ентий массо хенахь а лаьттина Росси йозуш цахиларехьа. Нохчийн халкъо стогалла а, турпалалла а гойтуш ч1аг1дина шаьш Россина тешаме хилар.

   Амма шаьш халкъан дай тарбеллачу цхьаболу харцпатриотийн лаамца нохчийн халкъ 1еха а дина, х1аллакхиларан некъат1е даьккхира. Хаддаза сийсаш йогучу кегарийн ц1еран хьарме ерзийра вайн республика. Амма галбевлира. Царна моьттург цахилира.

   Халачу муьрашкахь муьлххачу а халкъана юкъара волуш хилла шен халкъ кхерамах хьалхадаккха, жоьпалле сацамаш бан доьналла долуш волу къонаха. Иштта къонаха вара вайн халкъана хьалхаваьлла Нохчийн Республикан хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Иза Россин, Нохчийн Республикан патриот вара (Дала г1азот къобалдойла цуьнан)!

   Оцу къонахчун доьналла, хьуьнар бахьанехь а, Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаддаза тергоеш хиларна а кхаьчна вай тахана дозалла дан йиш йолуш долчу лакхенашка, кхиамашка. Иза ду вайн Республикехь массоаг1ор кхачо йоллуш юхадендина, меттах1оттийна дахар.

   Даггара декъалбо районан бахархой халкъан масла1атан а, цхьабарт хиларан а денца!    Иштта, Республикан денца районан бахархой декъалбеш къамелаш дира районан дешаран декъан начальника Зубайраев Сайпуддис, Мескитара администрацин куьйгалхочо Висамбиев 1умархьаьжас. Гулбеллачеран концертни программица самукъадаьккхира районан культуран Дворецан «Ламанан аз» ансамблан декъашхоша.