Имамийн кхеташо хилира

      Комментарии к записи Имамийн кхеташо хилира отключены

Районан администрацин актови зала чохь яртийн маьждигийн имамийн кхеташо д1аяьхьира районан къедас Магамаев Вахас. Кхеташонехь дакъалоцуш вара районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта.

 Районан къедас билгалдехира кхеташонехь дийцаре дан лерина долу г1уллакхаш. Уьш дара: имамаша маьждигашкахь латто дезачу низамах, зуда ялорах, йитарах, иштта школашкара дешархой ийманехь кхетош-кхиорах лаьцна.

   Магамаев Вахас шен къамелехь билгалдаьккхира:

 -Ярташкара маьждигийн имамашна т1ехь ду бахархошна юкъахь ислам-дино т1едехкина декхарш нийса кхочушдарехь терго яр, нийса дерг царна довзийтар. Иза ша дерриге дукхахдерг рузбанан, джама1атан ламазашкахь имамийн хьехамех дозуш а ду. Бахархойн дахарехь биллгал меттиг д1алоцу церан хьехамаша. Иштта вайн республикехь шуьйра дийцаре деш ду керла доьзалш вовшахтохарехь захало халчу доккхуш долу керла юкъадалораш алсамдаьлла хилар. Вуьшта аьлча, оцу захалошна аьтту белахь а, бацахь «д1а коч, схьа коч» боху х1ума сов лелоро, декхар а боьлхуш, совнаха харжаш яро цхьаболчу нехан таро йохош хилар гуш ду вайна. Нохчийн Республикан культуран министерствос, муфтиято захалошна керла юкъадалийна х1уманаш юкъара д1адахарна т1ехьажийна д1аболийна кхетаман болх бу. Оцу г1уллакхан накъостий а хилла д1ах1итта дезаш ду вай а. Т1екхуьуш йолу къона т1аьхьенна исламан баххаш бовзуьйтуш, царна кхачойоллуш дика хьехамаш беш к1иранах цкъа школашкахь хила беза имамаш. Х1унда аьлча, жимачу хенахь схьалаьцнарг дагчохь а, кхетамехь а дика дуьсу берашна.   Районан къедас иштта кхачо йоллуш жоьпаш делира шега динчу хаттаршна а.