Шен дахарехь адамна, иштта юкъараллина а уггаре оьшуш долу хьашт синоьздангалла ю. Амма вай кхета деза синоьздангалла адам дуьнент1е долуш дуьйна цуьнан ц1ийх, кхетамах йоьзна цахиларх. Иза доьзалера дуьйна бер кхетош-кхиорца диканиг, вониг берана довзийтаре терра, цуьнан кхетаме йоьрзуш амал ю. Стаг юкъараллина а, шена а пайде волуш кхиарехь коьрта дакъа доьзална кхочу. Иштта берашна синоьздангаллин некъаш кхоччуш довзийтар доьзалера д1адолалуш ду. Ткъа оцу некъийн коьрта мехаллаш лору вай Делах тешар, адамалла, жоьпалла, къинхьегам безар, шен дола далуш кхиар, махкана хьанал хилар, заманан яхалла халкъо къобалдина вайн дахарехь лелачу ламастийн, г1иллакхийн сийдар.
Тешам, марзо, вовшийн доладар, г1о-накъосталла, нийсо, могашалла, беркат, дега-нене болу ларам, воккхачун дог эцар, жиманиг ларвар, т1аьхье кхиор, и дерриге берана доьзалехь дуьйна довзийтар декхар лору вай доьзалан да-нана. Цхьа а институт ца кхочу доьзалан институте т1екхуьу т1аьхье кхетош-кхиорехь. Х1унда аьлча, дикачух вониг къасто хаар доьзалехь долалуш а, амалехь ч1аг1луш а ду.
Доьзал-иза бер синоьздангаллин лакхенга кхачош болу бух лору дуьненан юкъаралло. Доьзалехь д1адолалуш ду бер жоьпалла,собар, къинхетам, г1иллакх, иштта кхидолчу адамаллин ламасташ шеца долуш кхиар. Дукха хьолахь доьзаллан кхерчахь шега делларг ду стагехь дуьсуш дерг. Дуьненчу долуш дуьйна хуьлуш дац бер эхь-бехк долуш я доцуш, г1иллакхие я г1иллакх доцуш. Бер доьзалехь кхетош-кхиоре хьаьжжина амал, кхетам болуш кхуьуш хилар шеко йоцуш къаьстина ду тахана. Иштта доккха жоьпалла долуш дош ду «Доьзал» бохург.
Амма оцу дикане кхача доьзална уггаре хьалха оьшург барт бу. Доьзал бертахь хилар ду иза сийн лараме, ирсе кхачош дерг. Сий-ларам болчу доьзалца тосу хьекъал долчу наха гергарлонан, чу-каренан, хьошаллин, захалонан з1енаш. Бертахьчу доьзалехь долу бер г1иллакхан, низаман, яхь-юьхьан, адамаллин, оьздангаллин новкъа. Наха шен доьзалан дика мах хадийча беза кхаъ хуьлу дай-наношна. Дена, нанна доьзал дика хилар дегайовхо, доьзал вон хилар дега1ийжам лерина вайн дайша. Вайн баккхийчара, къаноша олуш, дуьйцуш дукха хезна вайна:
-Доьзал кхерош кхиабахь аьшпашка марзлур бу. Ткъа хьоьстуш кхиабахь коча 1емар бу. Мацбахь къолане марзлур бу. Берашка дийцинарг-дийцина хила деза, цахилахь церан лерамах волу да. Доьзална шен вахарца х1ора денна бохург санна леларца, дашца, оьздангаллийца, г1иллакхашца масал хилла ваха декхар ву да.
Х1унда аьлча мел жима хиларх, беро х1усамехь воккхачуьнгара схьаоьцу шена гушдерг, хезашдерг, амал. Мел жима хиларх а кхеташ, гуш хуьлу берана шен х1усамехь дерг. Оцу масалша тьоьшалла до вайна мел доккха жоьпалла т1едужу дай-наношна доьзал дикчу аг1ор кхиорехь.
Таханлера зама дуьненчуьра къаьмнийн юкъаралла иэелла, дозанаш даьстина, муьлхха а вахархо муьлххачу пачхьалкхе ваха йиш йолуш зама ю. Наггахь регион, пачхьалкх яц тахана вайн къоман векалш боцуш. Царах лаьцна диканиг аьлча юьхьк1ам хуьлу вайна, ткъа царах ледарло яьлча лазаме даларал сов, новкъахьовзаме а долу вайна. Цундела сов хир дац аьлла хета доьзалехь, школашкахь кхиазхошна дукхакъаьмнийн юкъараллина юкъахь лардан дезачу собарах, законех, вахаран некъах лаьцна кхетам балар. Оцу г1уллакхо таро лур яра вайн т1екхуьучу т1аьхьенна муьлххачу а юкъараллин дахарехь нийса некъ юьхьарлаьцна д1абаха. Аттачу дер дара хьо д1авахханчу юкъараллехь шен дахар чолхе а ца доккхуш д1атарвала.
Х1ора къомана х1окху заманан юкъараллин 1ер-дахарца дозуш долу коьрта законаш башха къастам болуш дац. Ткъа нохчийн ламасташ мадарра аьлча царна дуьхьал а ца дог1у. Цундела доьзалхо синоьздангаллин аг1ор кхетам болуш доккхачу дахаран новкъа ваккхар, доьзалехь коьрта 1алашо хилар, иза юьк1аме хилла карор ду дай-наношна. Карарчу заманчохь оцу 1алашонца д1адахар лоьху вайгара мехкан а, дуьненан а юкъараллин законаша а, иштта къоман 1адато а. Иштта оцу коьртачу 1алашоне кхачархьама лардан дезаш долу юкъараллин бухт1ера синоьздангаллин юкъадог1уш г1иллакхаш ду:
Берашна массо х1уманна т1ехь бакъдерг довзийтар, бер бакъдолчунна т1едерзор. Иштта кхетош-кхиийна бер эхь-бехк долуш, бакълуьйш, тешам болуш кхуьур ду. Ткъа иза вай даим дахарехь вовшашкара лоьхург ду. Оцу новкъадала берана къаьсттина атта хуьлу иза школе дахале йолчу хенахь дуьйна кхетош схьадалийча. Бакъдолчунна т1ехь бер хастор, цуьнах даьлла диканиг шена хьаьвзаш делахь а къобалдар дикчу аг1ор доьзур ду цуьнан амална.
Бер кхетош- кхиорехь нийсо езарна т1едигар а, нийсо езаш кхиар а ду, иштта коьртачех цхьаъ. Нийсо езаш кхинъа бер, адам даима а бакъдолчунна т1ех1отта некъаш лоьхуш, и некъ карош, диканиг вочух , цамегаш дерг мегаш долчух къасто хууш хуьлу. Иштта кхиъна ваьлча бакъдолчунна, нийсонна т1ех1уттуш, харцонна дуьхьало ян кхетам болуш адамаллин г1иллакхашца вог1уш, юкъараллина, шена пайде волуш вуьззина стаг кхуьу берах.
Иштта коьртачех ду бер ша-шен ларам беш, ша ларвала, шен къоьнахалла, бакъо ларъян хууш доьналла долуш, х1оьттинчу хьолан мах хадо хууш кхетош-кхиор. Иштта кхуьуш долу бер шен амалх доха ца деш, мелла а цуьнах кхеташ хиларо доккха г1о до берана шен дола дан доьналлин лакхенга кхача.
Доьзал синоьздангаллин новкъахь кхетош-кхиоро уггаре хьалха бер ша шех б1обулучу т1ег1ане кхачор дув ай лакхахь йийцина амалшца уьш кхиахь. Дала т1аьхье иманчохь, беркате йойла вайн.
