Х1окху деношкахь Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана МВД-н, Росгвардин куьйгалхошца д1аяьхьира кхеташо, махкахь наркотикаш яржорна дуьхьал болу къийсам алсамбаккхарна лерина. Наркотикаш йохкар, эцар, озар цхьатерра доккха зулам лоруш ду муьлххачу юкъараллехь. Иштта цхьатерра бехке ву наркотикаш юхкуш, оьцуш, узуш верг а. Вай массо а аг1ор луьра къийсам латто безаш йолу юкъараллин сакхталла иза хилар къаьсттина билгалдаьккхира республикан Куьйгалхочо.
Иштта дийцаре дира арахь, некъашкахь юкъараллин низам лардар къаьсттина терго ян езаш хилар а. Вайна ма-хаъара, вайн г1аланашка, районашка т1аьххьарчу хенахь алсамдаьлла кхечу регионашкара хьеший, туристаш бахкар. Цундела республикера юкъараллин низам, кхерамазаллин хьал лакхарчу т1ег1ан т1ехь латторна т1е тидам бахийтар т1едиллира МВД-н а, Росгвардин а белхалошна Кадыров Рамзана.
Иштта республикан Куьйгалхочо билгалдаьккхира къона т1аьхье патриотически, син-оьздангаллин гурашкахь кхетош-кхиорехь беш болу болх республикехь мелла алсамбаккхарна т1ехьажийна. Маьждигашкахь, школашкахь, кхийолчу дешаран учрежденешкахь яртийн имамаша, хьехархоша, культуран белхалоша къаьсттина тидам оцу т1е бахийта безар билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
