Хьуьнарш гойту районан спортсменаша

      Комментарии к записи Хьуьнарш гойту районан спортсменаша отключены

 Вай даккхийдеш буьйцу районера спортан тайп-тайпана къийсадаларшкахь толамаш баьхна спортсменаш. Хаза кхаъ хуьлий т1еоьцу вай вайн спортсменаша районан, республикан, Европин, Азин, дуьненан барамашкахь д1аяьхьначу хьалхеяккхаран, чемпионатийн къийсадаларшкахь баьхна толамаш. Вай дозалла а до царех. Вайна гуш а хуьлу церан кхиамаш. Ткъа церан кхиамашна, толамашна т1ехьа лаьттарш и спортсменаш кхиош, кечбеш болу тренерш хилар к1езиг го вайна.

 Тренер-иза 1аламат къинхьегаме, атта боцуш болх хиларх кхетар ву церан занятешкахь цкъа хилларг. Цара спортсменаш кхиоре, кечбаре терра хуьлу церан кхиамашка кхачар а. Иштта шен ярташкарчу филиалашца цхьаьна къона спортсменаш кхиош, дика ц1е йоккхуьйтуш схьайог1уш ю районан №13 йолу спортан школан коллектив (директор Насуханов Мурат). 

   Х1окху деношкахь тхан хиллачу цхьанакхетарехь цо дийцира:

   -Вайн а, къоначу т1аьхьенан а, мехкан а хиндерг дозуш ду вай т1екхуьу чкъор кхиоре хьаьжжина. Тхан коллективан коьрта 1алашо ю вайн бераш ницкъ болуш, т1ахъаьлла, могашалла дика йолуш, шайн, шайн мехкан дола дан хьуьнар долу к1ентий кечбар. Тхан школан филиалаш ю Согунт1ахь, Шовхал-Бердахь, Мескитахь, Г1алит1ахь иштта, районера кхийолу школашкахь а. Районан спортивни школана юкъаозийна 800 гергга бер ду. Уьш кечбеш, цаьрца болх беш, шаьш-шайн ца кхоош, шайн болх дика хууш тренерш бу школехь. Волавеллачуьра церан ц1ерш яха лаьа суна: Исрапилов Заур, Масуев Расул, Исрапилов Хьамзат, Душулов Адам, Джабраилов Майрбек, Висамбиев Лоьма, и. кх.д1.

   Х1окху шарахь парг1аткепара охьатохарехь дуьненан хьалхеяккхарехь хиллачу къийсадаларшкахь 1-ра меттигаш бехира Адаев Рахьима, Абубакаров Шовхала. 3-г1а меттиг баьккхира Гурманаев Мансура (тренер-Исрапилов Заур).

   Д1адаханчу шарахь Брест г1алахь д1адаьхьначу парг1аткепара Европан къийсадаларшкара толамца  ц1абирзира Адаев Рахьим, Абубакаров Шовхал, Абасов Муса. 2019-чу шарахь Азин континентан хьалхеяккхарехь д1адаьхьначу къийсадаларшкахь иштта хьалхара меттигаш бехира Адаев Рахьима, Абубакаров Шовхала, Гурманаев Мансура. Шолг1а меттиг баьккхира Вагапов Мохьмада.

   Балха т1ехь тхуна оьшу хьелаш кхачо йоллуш долуш ду тхан. Баьхначу кхиамех тоам бина ца 1аьш, кхин а лакхарчу кхиамашка кхачар-коьрта 1алашо ю коллективан.