Школан дахар

      Комментарии к записи Школан дахар отключены

Деган йовхо берашна д1алуш

Адамашна шайн 1ер-дахарехь евзачу а, цара къахьоьгуш карайирзинчу а говзаллех хала а, жоьпалле а ю хьехархочун говзалла. Хьехархочух тешош ду дай-наноша шайн берийн хьекъал, кхетам, г1иллакх-оьздангалла, цара шайн дахарехь къастор болу некъ.

   Районера юкъарадешеран школашна юкъахь ц1ераш йохуш хастаме дешнаш ала йиш ю Бенара юккъера юкъарадешаран школан коллективан (диретор Обругова Муъминат). Хьехархойн коллективо шайн балхахь дешархойн хаарийн дикалла лакхаяккхарехьа некъаш лохуш болх беш хиларан тоьшалла ду иза.

   «Халкъан дош» газетан корреспонденташ х1окху деношкахь цхьаьнакхийтира Обругова Муъминатица, хьехархошца, дешархошца. Школехь дешаран процесс д1аяхьарехь хьехархойн коллективо д1ахьочу балхах лаьцна цо иштта дийцира:

   -Тахана школехь доьшуш 292 бер ду. Царна хьоьхуш ву лаккхара, юккъера дешаран корматалла йолу 22 хьехархо. Кхиамца д1адолийна оха дешаран керла шо. Бераша хааршкахьа некъ бар. Тхан хьехархойн коллектив уьш 1амо хьуьнар, ницкъ болуш ю, еххачу хенахь болх бина зеделларг долу хьехархой к1еззиг бац. Школехь лакхару классашкахь математика дарс хьоьхуш ю Баклаева Марет. Хьехархочун болх бевзаш а, и говзалла цунна кхоччуш карайирзина хилар гойту цо урокашна лерина кечам беш хиларо а, берашца цуьнан дика юкъаметтиг хиларо а.

   Дешархошна нохчийн мотт, литература хьоьхуш ву Лепиев Хьусин. Ненан-матте болчу безамо таро ло цунна хааршкахьа йолу керла-керла аг1онаш йовза а, турпалхойн васташ дешархошна кхоччуш довзийта а, дикачух, оьздачух масал эца уьш 1амо. Нохчийн халкъан турпалхойх, иштта халкъан г1иллакхаш, ламасташ шуьйра дуьйцуш йолу произведениш язйина г1арабевллачу яздархоша Мамакаев Мохьмада, Айдамиров Абузара, Сулейманов Ахьмада, Сулаев Мохьмада, кхечара. Церан исбаьхьаллин произведенийн буха т1ехь дешархошка язйойту сочиненеш, арахоьцу пенан газеташ, вовшахтуху классал арахьара мероприятиш.

   Лакхарчу классашкахь оьрсийн мотт, литература хьоьхуш ю Хамзатова Гулистан. Хууш ду, кхоллараллин болх муьлхха а шеца халонаш йолуш хилар. Хьехархочо кхуллу берашкахь дика амал, хьоьху лело деза г1иллакх. Доггаха бечу белхан т1аьхье даима хуьлу къеггина гуш. Хаарийн дикалла лакхаяккхарехьа болу къийсам цкъа а лах ца бо цо. Цундела цхьа а шо д1а ца доьду хьехархочо кхетош-кхиорехь дика г1улч ца йоккхуш. Литературе безам берашкахь кхоллар 1аламат мехала г1уллакх лору цо. Дуккха а ду цо кхочушдан билгалдинарш а.

   Юьхьанцара классийн хьехархочо Лепиева Элисас кху школехь болх бен дуккха а хан ю. Дика хаарш, низам долуш ду цо хьоьхучу хьалхарчу классера, хьехна бераш. Дешархошца юкъара мотт хааро таро ло цунна х1ора урокехь ша билгалйинчу 1алашоне кхача.

   Лакхарчу классашкахь истори, обществознани хьоьхуш ю Умалатова Джайран. Цо дерриге а до ша хьоьхучу дешархойн кхетам, иэс лакхадаккхарна т1ехьажийна. Историн к1огенашка кхача г1ерташ хуьлу иза. Дешархошна шуьйра йовзуьйту Россин д1аяхана заманан истори, дуьйцу нохчийн къоман историх лаьцна а. Доцца аьлча, ша хьоьхучу берийн г1айг1анашца еха Джайран.

   Диъ шо хьалха дуьйна берашна ингалса мотт хьоьхуш ву Мазлаков Сулима.

   Дешаран декъехула сан заместитель ву Эльдаров Ахьъяд, кхетош-кхиорехула заместитель-Сулимова Радима. Царна дика евза школан проблемаш, цундела цара дерриге а до дешархой кхетош-кхиоран процесс д1аяхьарна т1ехь тергоеш.

   Дахарехь бакъдерг хилла д1ах1оьттина: массо а говзаллашна юккъехь коьртаниг хьехархочун говзалла ю, адамашна массо а говзаллаш 1амо оьшург хьехархо, хьехамча хиларна.    Т1аьхье беркате хуьлда шун!