Декъалвира хьехархо-ветеран

      Комментарии к записи Декъалвира хьехархо-ветеран отключены

  Районехь ламаст хилла схьадог1уш ду х1ора шарахь хьехархочун Де т1екхочуш педагогически белхан ветеранаш декъал а беш, цаьрца цхьаьнакхетар д1адахьар. Иштта х1окху деношкахь 48 шо хьехархочун балхана д1аделла волу хьехархо-ветеран Арзамиев Зайнди декъалван цуьнан х1усаме баьхкира районан «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулим, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта, берийн туризман, мохкбовзаран центран методист Чанкаев 1имран, отделан заведующи Чанкаева Малика, «Халкъан дош» газетан отделан редактор Инеркаев Яхьъя.

   Долоран дош олуш вистхиллачу Чанкаев 1имрана даггара декъалвира ветеран-хьехархо дезчу денца. Цо далийра иштта дешнаш:

    -Зайнди вайн т1екхуьу т1аьхье кхетош-кхиоран балхана юкъа доккха дакъа диллина хьехархо ву. Вайн республикехь х1ора вахархочун дахарехь санна, хийцалуш ду хьехархочун дахар а. Ехха хан еара республикехь бераш кхетош-кхиоран хьал доьхна, метта цадог1уш. Политически д1ах1оттамца доьзна экономикан кхиар г1елделлера, т1еман шераш бахьанехь хала дара берашца кхачо йоллуш болх д1абахьа. Бинчу балхана луш алапаш доцуш хала шераш а даьхкира. Амма бераш кхетош-кхиоран болх д1а ца тосуш доьналлица дика чекхвелира Зайнди. Т1аьххьарчу 15 шарахь Нажин-Юьртан №2 йолу школан директоран даржехь болх бира ветерана. Болх дика барна районан, республикан барамехь кхунна сийлаллин грамоташца дина совг1аташа тоьшалла до Зайнди районехь тоьллачех хьехархо а хилла схьавеана хилар. Цул сов, юьртан диканехь, вонехь, иштта юьртан юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш схьавеъна ву х1ара. Оха даггара декъал во хьо хьехархойн Денца!

   Арзамиев Зайнди декъалвеш къамелаш дира Хатулаев Виспашас, Зайпулаев 1умарсолтас, Инеркаев Яхьъяс, иштта кхечара а. Иштта, ветеран декъалван баьхкинера Нажин-Юьртара №2 йолу школера хьехархой, дешархой.    Хатулаев Виспашас , Чанкаев 1имрана сийлаллин грамоташ д1аелира ветеранна, дира кхидолу совг1аташ а.