Дешархойн хаарш лакхадахарехьа некъ бо
Хьехархо-иза уггаре мехала а, хала а
говзалла хилар ч1аг1до 1илманчаша.
Мел къинхьегам, мел собар оьшу
кегийн, х1инцца дуьне довза доладелла
бераш хьекъал, кхетам болуш, шайн
дахаран 1алашонга кхача кечдина новкъадаха.
Вайна ма хаъара берийн дегнийн мерзаш хаза,
пайде, махкана хьанал декаш кхио,
церан дог хьаста говзалла, собар, хьекъал
долуш хила веза хьехархо.
Кестта республикан массо школашкахь санна, билгалдоккхур ду хьехархочун Де а. Образованин декъехь кхочушдаделлачу г1уллакхех а, хьалхалаьттачу декхарех а лаьцна районан образованин отделан начальника Зубайраев Сайпуддис «Халкъан дош» газетан корреспондентаца хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцира:
—Х1ора шарахь дикачу аг1ор хийцамаш хуьлуш, мелла а адамийн 1ер-дахар толуш схьадог1учу муьрехь оцу дикачу г1уллакхашна юкъахь хьакъйоллу меттиг д1алоцу районан образованин декъо. Шо-шаре мел дели алсамдовлу т1екхуьу къона чкъор кхетош-кхиорехь хьалхалаьтта декхарш, берийн хаарш, церан дуьнене болу хьежам эвсаралла йолуш, ойланаш ц1ена йолуш кхиорна т1ехьажийна г1уллакхаш.
Тахана районехь 54 образованин учреждении ю. 50 школа а, 4 дешар т1едузаран образованин организаци а.
2022-чу шеран 1-чу сентябрехь районан школашка деша вог1ур ву 8841 дешархо (2021-чу шарахь 8745 дешархо вара), царах 799 дешархо хьалхарчу классехь хирву. Кхит1е а дешаран учрежденешка деша бог1ур бу 5-17 –шерашкара 6000 бер. Хьалхарчу сентябрехь дуьйна районан дешаран учрежденийн юьхьанцара а, коьрта а юкъарадешаран классашкахь (1-5классаш) д1адолор ду карлаяьккхинчу ФГОС-н программица болх бар.
Школашкахь кхачойоллуш билгальяьхна х1ора дешаран к1иранна х1иттийна планаш ю. Царех коьртаниг х1ора оршотан дийнахь дешаран к1ира долалуш шатлакхан иллица Российски Федерацин а, Нохчийн Республикан а байракхаш хьалаайар, ткъа к1ира чекхдолуш иштта сийлаллийца охьахецар а ду. Къоман байракхийн сийдар, шатлакхан иллин сийдар, дешархой уьш дагахь хууш кхиор коьрта ларар Нохчийн Республикан Куьйгалхочо билгалдаьккхина массийтта шо а ду. Цундела иза вайна керлачех а дац.
Х1ора оршотан деношкахь классашкахь д1ахьур ду «Ладаме къамел», — аьлла йолу урокаш д1аяхьар. Программина юкъахь ду Нохчийн Республикан пачхьалкхан исторех урокаш алсамяхар, Вайн Республикан хьалхара Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин машаре, беркате некъ дешархошна кхоччуш бовзийтар и д1. кх.
Кхузаманан образованин системан коьрта 1алашо хилла юьсу:
-образованин инфраструктура кхид1а а кхиор;
-образованин чулацам т1етт1а карлабоккхуш, тобарехьа къахьегар;
-хьехархойн говзалла лакхаяккхарехь, урхаллийн белхалой кечбарехь беш болу болх тобар.
Муниципальни образованин системехь коьртачу декхарех ду образованин организацийн г1ишлош кхузаманан лехамашца йог1учу кепара кечъяр: (кхерамазалла ларьяр, терроризмах образованин объекташ а, дешархой а ларбар, балхана массо аг1ор аьтту болуш хьал кхоллар), аьттуне хьаьжжина районан администрацин а, образованин декъан а куьйгалхойн г1оьнца дешаран учрежденеш махуьллу карлайохуш, тоеш кечъяр.
Карарчу дешаран шарахь 45 юкъарадешаран учрежденина йина ремонт, ткъа 5 учрежденина йина капитальни ремонт. Аса даггара баркалла олу районера школийн куьйгалхошна шаьш отпускехь хиларе а ца хьуьйсуш, школаш дешаран шарна кечьеш жигара къахьегарна.
Х1ора шарахь санна вайн районехь х1окху шарахь а жигара дакъалецира «Образовани» проект дахаре йоккхуш. 4 проектехь дакъалецира районан школаша кху шара: «Кхузаманан школа», «Х1ора беран кхиам», «Цифрови образованин юкъаралла», «Бераш долчу доьзалан г1оьнна». Районехь 50 школа цифрови г1ирсашца кечйина ю, 5000 бер лаккхарчу масаллин интернетаца пайдаэца аьтту болуш ду.
Иштта «Кхузаманан школа» проект дахаре йоккхуш лакхара кхиамашка кхаьчна Бена-Веданара СОШ (хьехархо Мулаев Ансар). Оцу школера дешархоша толамаш бехира робототехникехула д1аяьхьначу Еригроссийски олимпиадехь а, Федеральни чемпионатан региональни этапехь а.
«Х1ора беран кхиам» проектехь вайн район дакъалоцуш йолу 7-г1а шо ду. И проект ю яртийн школашкара физкультуран а, спортан а г1ирс карлабаккхарна т1ехьажийна. Проект кхочушъеш т1аьхьарчу 6 шарахь районехь йина 7 спортзал, ремонт йина 3 спортзалана, спортивни майданаш йина районан 45 дешаран учрежденешкахь.
Д1адаханчу дешаран шарахь «Проектория» проектан Онлайн барамехь декъашхой хилира районан школашкара 6966 дешархо. Иштта вай лакхахь йийцинчу кхечу проектийн жигара декъашхой бу Чуьрчу-Ирзера М-С. Гадаевн школан 6-11-чу классан 70 дешархо. Иштта, районан 7 школана йиллина масаллин интернет.
Ладамечарах цхьаъ ду-образованин эвсаралла лакхара хилар. Д1адаханчу дешаран шеран районера школашкара юкъарчу образованин жам1аш иштта ду:
ГИА- н 9, 11-чу классашкахь аттестации йина 945 дешархочунна. 9-чу классашкара 686 дешархочух аттестацех чекхваьлла 684. Царах 20 дешархо чекхваьлла т1ехдика хааршца.
11-чу классашкара 259 дешархочух чекхваьлла 233 (90%) дешархо. Царах т1ехдика аттестаташца медалашца совг1ат а деш чекхбевлла Замай-Юьртара Юккъера школан дешархой Алхазуров Идрис, Нагаева Милана, Булан-Хит1ара юккъера школан дешархо Мирзаева Хадижат.
Оьрсийн меттан предметана лаккхара баллаш кхачийра:
Нажин-Юьртан №4 йолу юккъера школан дешархочунна Чунчурова Сабинатана (89 б.), Бенара школан дешархочунна Атуева Залихина (85 б.), Булан-Хит1ара школан дешархочунна Байхаджиева Сиянина (85 б.), Нажин-Юьртан №8 йолу Гимназин дешархочунна Ахматханова Мархина (82 б.).
Районан образованин организацешкахь болх беш ву 1220 хьехархо. Царах лаккхара образовании йолуш ву 58% (710) хьехархо. Царах 26% (320) хьехархо лаккхара а, хьалхара а говзаллин категори йолуш ву.
Районехь иштта болх беш 20 «Земски хьехархо» ву. Х1окху дешаран шарахь кхин а 10 т1еван везаш а ву. Районан школашкахь иштта т1ебаьхкинчу хьехархошна кечбина 90 меттиг бу тахана. Делахь а районехь хьехархой тоьаш бац. Къаьсттина т1еоьшуш хьал ду физикан, химин, биологин, оьрсийн, ингалсан меттийн хьехархой.
Къамел дерзош билгалдаккха лаьа суна иштта кхечу дакъойн санна Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана образованин декъан а къасттина тергоеш хилар. Х1унда аьлча, пачхьалкхан бух, хьекъал, корматалла йолчу адамех бозуш бу. Ткъа вайн республикан барамехь бераш 1аморехь, царна массоаг1ор оьшу хаарш даларехь вайн т1аьхьадисаре хьаьжча, шалха-кхалха ницкъаш т1ебахийтина къахьега дезаш ду тхо-хьехархой. Оцу аг1ор ницкъ кхочург дерриге а деш болх бан 1алашо ю дешаран керлачу шарахь районан хьехархойн коллективан. Аьтту хуьллда шун, хьехархой балха т1ехь!
