Нохчийн г1араваьлла яздархо, поэт, драматург, гочдархо, 1илманча, филологически 1илманан кандидат, говза хьехархо, Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман декъашхо, Нохч-Г1алг1айн яздархойн Союзан декъашхо Музаев Нурди вина 1913-чу шеран 5-чу октябрехь Теркан областан Белг1ата юьртахь (х1инца Веданан район). Д1акхелхина 1983-чу шарахь.
Нурди шен 17 шо кхаьчначу хенахь дуьйна Далла дуьхьал ваххалц нохчийн литературин кхоллараллехь къахьегна яздархо вара (Дала гечдойла цунна). Шен кхоллараллехь литературан масийтта жанрехь болх бн хууш говза яздархойх вара Нурди. Цо язйора стихаш, поэмаш, пъесаш, повесташ, романаш. 53 шарахь кхоллараллин новкъара вуха ца волуш хьанал къахьегна д1авахана яздархо ву Музаев Нурди.
1929-чу шарахь, юьхьанцара школа чекхъяьккхина ваьлча, Грозненски рабфаке деша вахара иза. 1933-чу кхиамца рабфак чекхъяьккхина ваьлча, Москва журналистийн Ерригсоюза коммунистически институтедеша хьажийра хинволу 1илманча.
Нурди школехь доьшуш волуш волавелира стихаш язъян. Цуьнан дуьххьарлера произведениш зорбане евлира 1930-чу шарахь. Ткъа 1933-чу шарахь араевлира Нурдин «Хьалхахьа когбаккха» стихийн гулар а, иштта колхозан д1ах1оттамна лерина «Вайн заманан заза» аьлла йолу пьеса а.
Москвахь СССР-н яздархойн Союз кхуллуш, Нохч-Г1алг1айчуьра цуьнан дуьххьарлерачу съездан делегат вара Нурди. Цуьнан яздархойн декъашхочун тоьшаллин билета т1ехь оьрсийн г1араваьлла яздархочо М. Горькийс яздина куьг дара. Мрсквара дешна ваьлла ц1а веъча республикан «Ленинхо» газетан редакторан даржехь болх бира яздархочо. Оцу шарахь язйинера цо шен стихаш «Сан некъ», «Деган аз», пьесаш «Ткъес деттачу новкъахь», «Колхозан ловзар». Ткъа шен дахарехь цо язйина произведениш 1аламат дукха ю.
1941-чу шеран декабрехь Нурди т1аме вахара. Нохч-Г1алг1айн 255-г1а къаьсттина дошлойн полкан политотделан декъашхо, пулеметни эскадронан комиссар волуш цо дакъалецира Сталинградехь хиллачу т1амехь. Цигахь доьналла гайтарна орденашца, медалашца совг1аташ а дира цунна.
Цуьнан т1еман хенан поэзин коьрта тема советски гражданинан майраллех, хьуьнарх, интернациональни декхарх лаьцна яра. 1943-44-чу шерашкахь Нурди Нохч-Г1алг1айн кинофикацин урхаллин начальник лаьттира. Вайнах депортацехь болуш хьехархочун, т1аьхьа Казахски радион, газетан корреспондентан белхаш бира. Цигахь волуш чекхъяьккхира цо Фрунзенски пачхьалкхан пединститутан филологически факультет а. Вайнах Даймахка ц1абирзинчул т1аьхьа, 1966-чу шарахь «Нохчийн литература социалистически реализман новкъахь» темина 1илманан кандидатан диссертаци а ларйира. Белхаш бира книжни издательствохь, яздархойн Союзан правленехь литературни коксультантан, ЧИГПИ-хь, ЧИГУ-хь нохчийн меттан, литературан хьехархочун даржашкахь.
Музаев Нурди яздархо хиларал сов говза гочдархо вара. Цо гочйина А. С.Пушкинан, М.С. Лермонтовн произведениш. Иштта Нурдис гочйина гуьржийн г1враваьллачу поэтан, Шота Руставелин «Витязь в тигровой шкуре» поэма а. Музаев Нурди вайн халкъан тоьллачу яздархойн мог1арехь хьокъалла йоллу меттиг йолуш, нохчийн кхоллараллин дахарехь къеггина лар юьтуш д1авахан яздархо ву. Нохчийн литаратуран бух биллинчарах цхьаъ ву Мусаев Нурди (Дала гечдойла цунна).
