Районни больница тайп-тайпанчу говзаллехула лоьрийн къелла нислуш схьаеанехь а, тахана мелла а корматаллин медицински белхалой бу цигахь белхаш беш. Иза коьртачу декъана школера дешна бовлучу выпускникашна юкъахь лоьрийн говзалла хоржуш берш алсамбовларал совнаха, кхечу меттигашка д1аса ца г1ерташ шайн районехь цомгашчийн хьашташ кхочушдеш болх бан церан лаам хилар ду.
Масална аьлчи, шайн балхах кхеташ, лаккхара дешар дешна болх беш уролог, онколог, стоматолог, гинеколог, хирургаш, берийн лоьраш бу вайн. Белхан говзалла лакхайоккхуш, кхид1а а доьшуш берш а бу. Иштта ярташкарчу лоьрийн амбулаторешкахь, ФАП-хь къелла яц юккъерчу звенон говзанчийн а. Иза дукхах дерг районан бахархойн могашалла 1алашъяр тодарна т1ехьажийна районни больницан коьртачу лоьрана Джамиева Раибатана шех тешийначу участкехь болх мелла тобина д1абахьа ницкъ кхачаран т1аьхье ю.
Дагестанан пачхьалкхан университетан медицински факультет чекхъяьккхина районни больницехь уролог болх беш ву Гайрбеков Хизир. Билгалдаккха дог1у, ша хаьржина и атта йоцу говзалла сихха караерзар бахьанехь цхьацца цамгаршца бала хьоьгучу нахана дарбанш лелорехь цо ша дикачу аг1ор гайтина хилар. Корматалла йолуш, дарбане куьйгаш долуш Хизир хилар хааделла луларчу районашкара дархошна а.
Ша хаьржина некъ цомгашчу нехан хьаштийн дуьхьа хилар коьрта а хеташ, Хизира говзаллийца а, ц1енчу даггара а кхочушдо шен белхан декхарш.
