«Х1усамаш» къоман проект                     

      Комментарии к записи «Х1усамаш» къоман проект                      отключены

Г1ишлошъярхойн кхиамаш

  «Х1усамаш» къоман проект кхочушъеш алссам г1ишлош ю вайн республикехь хьалах1иттош. Иштта оцу проектаца г1ишлошъяран белхаш д1ахьош бу Ямсу-хин тог1ин Айти-Мохк юьртан майданахь а. Шайн ма-хуьллу, дика кадоккхуш белхаш бина х1окху шина шеран исс беттан йохаллехь «Мегастрой-Инвест» фирман белхалоша (участкан начальник Сулиманов 1усман, прораб).

   Белхаш беш д1абаьллачу муьрехь дуккха г1уллакхаш кхочушдина лакхахь йийцинчу объектехь. Дина даьлла 12 доьзална лерина 2 ц1а, 20 доьзална лерина 1 ц1а. Чухула хьахарш деш, не1-кор д1ах1оттош  белхаш бина шина ц1енна а. Дуьсуш дерг газ т1етасар, х1усамашна чу хи тасар ду. Иштта йина яьлла «Демография» къоман проектаца йог1уш а йолуш 80 меттигана лерина берийн бешан объект. Цул сов лерина д1ахьош бу г1ишлошна газаца, хица качоярца боьзна белхаш. 

   Канализацин, хидалоран, х1усамаш чу йовхо ялоран белхаш кхочушбеш  дика къахьоьгуш ву Мусаев Ислам, токаца долу г1уллакхаш кхочушдеш ву электроник Абалхасаев Махьран, белхалошна оьшу г1ирс латтош ву кладовшик Баймурадов Мовсар. Чоьнаш хьохуш, сир-кир деш, йовхонан  прибораш д1ах1иттош бригадаш ю каде белхаш беш. Гуш ду, участкехь балхана  оьшу г1ирс дика латтош хилар. 

   Баймурадов Мовсара дийцарехь, кхид1а а Ямсу-хица йог1учу майданахь кхочушъян билгалйина шуьйра программа ю бахархошна х1усамаш, цаьрна оьшу кхидолу хьашташ хилийтарна т1ехьажийна. Иштта дан дезаш ду кхин а дукхах1усамийн 7 ц1а, маьждиг, шина б1е меттигна школа. Ч1аг1ъян езаш ю бердан ледара йисташ, хинна дуьхьалонаш.     

   Иштта дан билгалдина дуккха г1уллакхаш ду «Мегастрой-Инвест» фирмин проектехь. Цо таро лур ю районера алссамчу доьзалийн чохь1ен х1усамашца долу хьашташ цхьалхадаха.