Юьртабахам

      Комментарии к записи Юьртабахам отключены

Латталелор кхиорехьа къахьоьгу

 Х1ора шарахь латталелорехь билггал кхиамаш боху районан юьртабахаман къахьегархоша. Масала, кхушарахь 1062 гектара майданахь кхиийра тайп-тайпана культураш. Х1ора гектара т1ера чуэцна 29,6 центнер ялта (к1а, мукх, сула). Хьалхалера шерашца дуьстича, лакхара бу и гайтамаш.

   -Латталелорехь районан пачхьалкхан бахамаша вовшахтуху г1уллакхаш д1ора хастаме дацахь а, тахана тхайн долчу хьоле хьажжина, дуьйчохь к1а, буьйчохь мукх, кхийолу культураш д1аюьйш бахамаш меттахь латто, кхио г1ерташ схьабог1у латталелорхой, — элира тхан шеца хиллачу къамелехь районан юьртабахаман секторан заведующис Межидов 1алаша. – Бахамашкахь тахана вовшахтухучу муьлххачу аренийн белхийн коьрта дакъа механизаторшна кхочуш хиларе терра, церан ницкъашца дуьйш-лелош ду латтанаш.

   Масал далош аьлча, х1окху шарахь 330 гектара т1ехь кхиийра гуьйренан к1а, 232 гектара т1ехь кхиийра гуьйренан мукх, 160 гектара т1ехь-б1аьстенан мукх, 200 гектара т1ехь сула.

Хиндолчу ялтина бух биллар д1ахьош ду тахана. Охана дина яьлла гуьйренан х1у д1аден кечйина майда. Хаза лаьттачу гуьйренан денах ма-хуьллу пайда а оьцуш, х1у д1адер агротехнически хенашкахь чекхдаккха дагахь ду тхо. Юьртабахамехь дукха хенахь дуьйна зеделла шен хенаца ялта д1а ца дийча цуьнан хьекъар лахара хуьлуш хилар. Юьртабахамехь гучуюьйлу дика аг1онаш юьйцуш  хилча, хастаме дешнаш ала хьакъ ю «Сидык», «Беркат» юьртабахаман предприятийш (директорш Мусаев Сайпудди, Умаров Ваха).